Шен лаамца хӏоттийнчу паччахьна, хьаькамна, ӏедална муьтӏахь хила, боху Дала, ткъа нохчий даим паччахьна, ӏедална дуьхьал бу, цара хьаькамаш бойу. Уьш Делах тешаш а, кхоьруш а бац, белхьара, цара Дала а, Мухьаммад-Пайхамара а бусалба адамашна тӏедехкина декхарш кхочушдийр дара. Цундела луларчу бусалба халкъийн а безам, тешам бац цаьрга.
Иза йукъара пропаганда йара ӏедалан. Ткъа вукху агӏор, нохчийн халкъ Зеламхина дуьхьалдаккха, ца даккхалахь, халкъ цунах дӏакъасто ӏалашо йолуш, изза пропаганда Зеламхина а, цуьнан тобанна а дуьхьал лелайора ӏедало. Нохчийн халкъана хуьлу бохамаш уьш бахьанехь, церан бехкенна ду бохуш.
Нохчийн динадайшца, ларлуш, шатайпа политика лелайора ӏедало. Хаьара, церан карахь боккха ницкъ хилар, халкъ церан ӏаткъамна кӏел хилар. Цхьана агӏор, уьш шегахьа баха гӏерташ, церан лерам бора ӏедало. Вукху агӏор, Нохчийчуьра зуламаш шун лаамца, шун бертахь хуьлу, уьш совцо шуьгахь ницкъ бу, амма шуна ца лаьа уьш совцо, шу зуламхошца бертахь ду, бохура. Нагахь санна аш халкъ Зеламхина а, цуьнан гӏеранна а дуьхьал ца даккхахь, шуна таӏзар дийр ду бохуш, динадайшна кхерам а туьйсура.
Нохчийн динадайша къобал ца дора кхузахь цхьана наха лело зуламаш. Уьш сацам боллуш дуьхьал бара къоланашна, талорашна, кхечу а зуламашна. Бусалба динехь, ийманехь нисло, йукъара хьагӏ-гамонаш дӏайаха, вежарий санна, бертахь хила бохуш, халкъе кхайкхамаш бора динадайша. Халкъан сий дойучу, халкъана бохамаш бечу нахана шариӏатехь нийса таӏзар де а, бохура цара ӏедале. Амма уьш дуьхьал бара ӏедало лелочу харцонашна, халкъехь латточу ӏазапна, и къуй а, талорхой а бахьана долуш бехк-гуьнахь а доцу халкъ, зударий, бераш, миска нах ӏедало хьийзорна.
Амма ӏедал шекдара динадайх. Къаьсттана къадари тӏарикъатан динадайх. Нохчий кхаа декъе бекъча, лаххара а ши дакъа къадари, йа вуьшта аьлча, Кунта-Хьаьжин вирдехь бара. Зеламхина дуьхьал халкъана йукъахь ша лелочу пропагандех гӏуллакх ца хилча, кхин некъ схьалецира ӏедало.