Шолгӏаниг векъана, йуккъерчу дегӏара, хӏетта сирбала боьлла ӏаьржа корта а, лергашна лаха кхочуш месала гиччош а, цӏена даьшна маж-мекх а, аьрзунан зӏакарх тера хьаьвзина беха, буткъа мара а берг профессоран доттагӏ, правительствон къайлахчу кхоалгӏачу отделан начальник Алексей Павлович Липранди вара.
Цаьршиннан доттагӏалла кхолладелира, и шиъ Петарбухан университетан юридически факультетан хьалхарчу курсан студент волуш. Университет чекхйаьккхича, Кавказехь гӏуллакхдан хьажийра и шиъ. Наместникан администрацехь итт шарахь гӏуллакх динчул тӏаьхьа цхьаьний Петарбухе йухавирзира. Липранди правительствон къайлахчу кхоалгӏачу отделе чиновник вахара, ткъа Ковалевский – университетан юрфакан хьехархо. Хӏинца Липранди оцу отделан начальник ву, Ковалевский – университетан профессор.
Цаьршинна дика йевза Кавказ. Цигахь болх беш а, тӏаьхьа мосазза а цига воьдуш, талламаш беш а йевзина. Хӏокху шарахь шиннан а ӏилманан-талламан белхаш арабевлла зорбанехь. Липрандин – «Кавказ а, Росси а», Ковалевскийн – «1877–1878-чуй шерашкахь Нохчийчохь а, Дегӏастанахь а хилла гӏаттам». Ковалевскийна Кавказан шира истори йевзара дика, ткъа правительствон къайлахчу отделан коьртехь волчу Липрандина тахана цигахь хӏоьттина хьал дика девзара. Доцца аьлча, цаьршиннан къамел цхьаьнадогӏура.
– Ши бӏе шо кхаьчна, Закавказье вайн дола йаьлла, – бохура Липрандис. – Шовзткъе итт шо сов хан йу цигара ламанан халкъаш вай къардина а. Нийсса аьлча, оьрсийн цӏийца Англин, Персин, Хонкаран мӏарашна йукъара схьайаьккхина вай Кавказ. Безчу мехах эцна вай иза. Амма тахана а цигахь российски пачхьалкхан ӏедал дац. Масала, Закавказье схьалоцур вай. Цигахь оьрсийн бахархой, банне а бац ала мегар долуш, кӏезиг бу. Революци хиллалц бӏе шовзткъе итт эзар оьрси вара цигахь туземни бахархошна йукъахь ӏаш. Хӏинца бӏе ткъе итт эзар бен вац. Цхьаберш туземцаша байъина, кхиберш, царах шайн синош довдийна, Россе йухабирзина. Тамашийна хӏума дай хӏара-м. Муьлххачу пачхьалкхе ваха а, шена лаахь, цхьана ханна йа гуттаренна а цигахь вехаш ӏен а бакъо йу оьрсичун.