Доцца аьлча, лахара ӏедал революцин дӏовш цӏийх а, тӏамарх а доьллачу туземцийн карахь ду, ткъа лакхара ӏедал – немцойн, полякийн, православни жуьгтийн карахь ду.
Жимма коньяк эдеш, кофе тойира Петр Ивановича. Шен хьешо тӏаьххьара аьллачу дешнаша дагахь велар эккхийтира цуьнан. Хӏара шиъ шаьш а ма вац оьрси. Липранди грекех схьаваьлла, ткъа Ковалевский – полякех. Шиннан а дайша фамилеш ца хийцина, амма цӏерш хийцина. Хӏокху шиммо а лелайо оьрсийн цӏерш. Хӏетте а хӏокхуьнан хьаша Кавказан урхаллехь болчу немцошний, полякашний, жуьгташний лоь.
– Эрмалойчоь кхераме йац вайна, – элира цо, хьешана хьалха кофе а тоттуш. – Эрмалой керстанаш бу. Туркойх кхоьруш, даим а Россина тӏетийжар бу уьш. Кхерамениг Нохчийчоь йу. Дала кхуллуш майра, къармазе тӏемалой кхоьллина нохчий бу кхераменаш. Россех дӏа а къаьстина, эрмалой, гуьржий, азербайджанцаш санна, шайн пачхьалкх кхолла гӏерташ бац нохчий. Иза царна цкъа а дага а ца деана. Цуьнан ойла йан кхетам а бац церан. Амма Кавказехь синтем, машар хила ца буьтурш нохчий бу. Алексей Петровича Ермоловс ӏаламат нийса мах хадийнера церан. Нохчий лаьхьарчий ду, ткъа важа ламанан халкъаш чуьркаш йу аьлла. Шайн волла, дуьненан массо а маьӏӏера адамаш хӏаллакдеш хуьлу нераун а, ӏаьржаун а ца лета царах. Нохчийчоь разбойникийн бен бу. Нохчаша, мара а бетталуш, тӏеоьцу, зулам а дина, шайн махка бевдда баьхкина кхечу къаьмнех нах а. Кавказехь тӏом болуш, вайн эскаршкара бевдда салтий а Нохчийчу боьлхура. Цигахь маршо гуш. Йа нийсса аьлча, анархи гуш. Шаьш дерриг элий ду, олу нохчаша. Уьш элий бац, анархисташ бу. Царна цхьа а ӏедал ца деза. Царна шайна луъург дан маршо йеза. Разбойникийн маршо. Къоланаш дан, талораш дан, адамаш лечкъо, дайа, зударий идо, масех зуда йало, цхьана стеган масех зуда хила а, царах дӏакъаста а. Карахь герз дерг, доккхачу тайпанах верг, хьал дерг лору цара. Йа нийсса аьлча, ишттачу стагах кхоьру. Ницкъах, къизаллех кхоьру. Шемала ткъа шарахь шен буйнахь латтийра уьш. Жимма шена дуьхьало йинчуьнна-м хьовха, дуьхьало йан дагадеанчун а корта а боккхуш. Цуьнан карахь, балоз санна, кӏеда бара нохчий. Имама шена луъург дора царна тӏехь!