Гӏорасизчаьрца ваьш тӏом бо вай, нуьцкъалчаьрца – кхечу пачхьалкхийн союза йукъа а кхетий. Гӏорасизчу халкъийн мехкаш дӏалецна вай, цигара халкъаш вешан олаллина кӏел дерзийна. Малхбузехьара, малхбалехьара, къилбехьара. Вешан гергара а, генара а лулахой. Цхьаболчара кӏезиг дуьхьало йира, дукхахберш цхьа топ кхоьссина а, дуьхьало ца йеш, вайн олаллина кӏел баьхкира. Амма нохчий вешан олаллина кӏел бало гӏерташ, цаьрца бӏе шарахь гергга тӏом бан дийзира. Нохчийчохь хӏаллакьхиллачу оьрсийн салтийн хьесап далур дац. Уш бӏе эзарнаш бу. Ткъа нохчий хӏинца а, къарбелла, кӏел ца севцца. Совца дагахь а бац. Хӏокху тӏаьхьарчу шийтта шарахь Зеламха ву оцу халкъан коьртехь. Даррехь вайн правительствох воьлу иза. Цо ца деш хӏун дисина? Дийнан делкъехь гӏали чу а вогӏий, гражданаш, банкаш, кассаш талайо. Маьрша дӏасалела оьрсийн бахархой ца буьту. Губернаторна йийсаре вига кхерамаш туьйсу. Вайн эскарша гонна йукъахьовзийча, йукъара а волий, дӏавоьду. Администрацин начальникаш бойу. Хьолахой йийсаре буьгу. Кхо де хьалха атамане Вербицкийга хаам бой, Гӏизлара чу а вогӏий, банк талайо. Зеламха разбойник ву, олу. Хӏан-хӏа, иза разбойник вац! Иза нохчо, нохчийн халкъан, Нохчийчоьнан имам ву! Цхьа а тайпа шеко йац вай зикризм олучу Нохчийчуьрчу уггар доккхачу вирдан коьртехь Зеламха хиларан!
– 1864-чу шарахь Кунта-Хьаьжа, лаьцна, ссылке вахийтича а, дӏа ца тийнера цуьнан секта?
– Цхьана ханна. Хӏокху тӏаьхьарчу шерашкахь шен болх жигарабаьккхина цо. Къаьсттана Зеламха халкъан коьрте хӏоьттичхьана. Оцу сектан масех шайх, лаьцна, ссылке вахийтина бохуш, хезна суна…
– Царах коьртаниг, Баматгери-Хьаьжа, Калугехь дӏакхелхина. Цуьнан кӏенташа а, гергарчу наха а, дӏа а ваьхьана, даймахкахь дӏавоьллина иза.
– И ца хезна суна.
– Кхин хаьий хьуна? Минусинскехь ссылкехь болу Зеламхин доьзал а, маршабаьккхина, даймахка цӏа берзийна.
– Хӏунда? Пхеа шарна ца бахийтинера иза ссылке?
– Хан гечйина. Шина шарна тӏе охьайалийна. Пачхьалкхан Думера масех депутат а, юстицин министр а орцахбевллера. Зударий, бераш бехке дац Зеламхин зуламашна бохуш.