Зеламхин цӏе йохуш. Вешина зуда йалош шина тайпанна йуккъехь хиллачу девнехь шина а агӏор цхьацца стаг вийна, ткъа ӏедало Зеламха а, цуьнан да а, шичой а, лецна, Сибрех бахийтина, цигара цӏа а балийна, йуха дов хаьттича а, хенаш тоьхна царна; тӏаккха Соьлжа-Гӏалин набахтера ведда, иза обарг ваьлла лела кхо шо а ду, бохура. Дийцарехь, цо кхерамна кӏел латтадора кху махкара ӏедал.
Соьлжа-Гӏалахь даьккхинчу цхьана дийнахь тахана хӏокху махкахь хӏоьттинчу хьолах лаьцна кхин а керланаш хезнера некъахочунна. Дийцарехь а, зорбанехь йаздарехь а дика йацара кхузарчу къаьмнийн йукъаметтигаш. Уьш галйаьхнера ӏедало лелочу харцонаша. Тӏом чекхбаьлча, нохчийн махкахь уггар тоьллачуьра латтанаш гӏалгӏазкхийн станицийн, нохчийн а, оьрсийн а эпсарийн, совдегарийн, чиновникийн, лакхарчу динадайн а дола даьхнера. Оцу гӏуллакхо лаьттан къелла хӏоттийнера халкъе. Шолгӏа, нохчашна герз лелор дихкинера, ткъа гӏалгӏазкхашна и лело бакъо йеллера. Кхозлагӏа, кхузахь шатайпа законаш дара нохчий эшош, амма гӏалгӏазкхий толош. Тӏехула тӏе, имперехь цхьанххьа а боцу текхамаш а бойтура нохчашка. Кху махкахь дехачу къаьмнашна йуккъехь барт бан-м муххале а ца гӏертара ӏедал, мелхо а, царна йукъа дов туьйсуш, и кӏамдеш, дардеш, диллина дӏа царна йуккъехь мостагӏалла латтадора.
Некъахочунна хазарехь, и йукъаметтигаш цуьрриг а тоелла йацара ткъе ворхӏ шо хьалхачул. Цхьа-ши шо хьалха Шаӏми-Юьртан базарахь, гӏалгӏазкхий нохчашкара герз дӏадаккха гӏоьртича, дов даьлла хилла, шина а агӏорхьара нах а бойуш. Оццу хенахь Карабулакски станицерчу гӏалгӏазкхаша талийна гӏалгӏайн йурт Яндаркъа. Ткъа стохка Сунженски отделан атамана, ссылкера бевдда цӏа баьхкина ламанхой лоьху ша аьлла бахьана а хӏоттийна, талийна Экажев-Юрт.
– Хьаькамаш байарх, тӏе галдовлар бен, гӏуллакхаш нислур дац вайн, – элира некъахочо, ша-шега олуш санна.
– Хӏун дан деза ткъа?
– ӏедал хийца деза. Хьаькамех цхьаъ вийча, цуьнан метта кхин хӏутту. Хьалхачул къизаниг йа сонтаниг.
Ворданан да, кисанара кисет схьа а йаьккхина, хедош тойинчу лоьдгех цигаьрка хьарчо хӏоьттира.
– Хӏара ӏедал тӏе ца даийта а гӏиртира, тӏедеача, дӏадаккха