тӏемаш. Мотталора, иза ӏаламан ницкъо айъина вуьгу.
Дуьхьалхӏуьттура тӏеман йалхитта шеран буьрса денош. Лерехь декара Аьрзун весетан дешнаш. Цо ша дӏакхойкхуш санна, хетара…
Ши бутт баьллера ӏела цӏера ваьлла. Атталла хабар а дац. Вахана агӏо а хаац. Хонкара вахана бахар бен. Синтем байна хьийзара ӏусман. Масех шо хьалха ду, тхох хьо къасто ницкъ кху дуьненахь бац бохуш, ден кара корта а биллина, ӏусман вилхина. Ма атта дара тохара, иза вевзина а, гина а воцуш, дуьненахь воцург а лерина ӏаш. Иза-м да хилла а ца ӏарий цуьнан… Оцу йуьртарчу, Яьссин тогӏеца болчу берриг нахана санна, цунна-м иза шен баьчча хетарий. Ша цхьана баттахь хьелур ву, амма йухавогӏур ву, шена тӏаьхьа ма гӏерта аьлла, вахана. Хӏетте а сингаттамо эккхийна вигна ӏусман, цунах хилларг хааре дог дохуш, Соьлжа-Гӏалахула, Буритӏахула кхирстира. Вац цуьнан къена дада, лар а йац. Шена тӏаьхьавар цо мел дихкинехь а, Гуьржех ваха сацам хилира ӏусманан. Гӏур а ву, дада карор а ву, иза воцуш цӏа а вогӏур вац, кхин цкъа а цунах ца къастархьама.
Ӏусманна наб ца кхетара, мел кхетийта гӏертарх. Бодашкахь бӏаьргаш а детташ, ӏуьллура иза, сих-сиха ха а хорцуш. Сема велахь а, цунна ца хезара арахь шок йетташ, дорцан шийла цӏийзар а, цхьаммо карзахдаьхна летачу жӏаьлийн гӏовгӏа а. Цуьнан ойланаш генахула лелара. Ца бевзачу махкахула. Хонкарахула, гуьржийн лаьмнашкахула.
– ӏусман!
Цхьа гӏенахь санна, цхьаммо шен цӏе йоккхуш хезна, ладуьйгӏира ӏусмана. Цхьаммо меллаша кор деттара.
Хьала а гӏеттина, бодашкахь катоьхча карадоггӏучу вуьжуш охьадиллина шен барзакъ схьаэцна, сиха тӏе а дуьйхина, шаьлта йукъах а йихкина, тапча доьхкарх а йоьллина, патармех йуьззина ши гӏап некха тӏехь морзахйоккхуш коча а тесна, йуьйлина японски топ кара а лаьцна, араиккхира иза.
Кетӏахь лаьтташ кхо стаг гича, уьш хӏун адамаш ду цахаарна, тӏе ца воьдуш, сецира ӏусман.
– Муьлш ду шу? – мохь туьйхира цо.
– Хӏара-м со вара, ӏусман.
– Доша, хьо ву иза? Схьачудуьйла.
Шеца болу накъостий кетӏахь а битина, ӏусманна тӏевеара Доша.
– Соьца берш хийра хьеший бу, ӏусман. Вайнах бац уьш, цхьаъ воцург.
Тӏедиллинчу лайно кӏайвинчу кхаа хьеше маршалла а хаьттина, уьш чубийхира