ницкъ лора тхуна халонаш эшо, къийсамехь майрра хьалха дӏадаха. Иза вуьззина турпал вара. Гуьржеха тхо долчу кхечира иза, цигахь цхьана масех йуьртара ахархой ӏедална дуьхьал гӏевттинчу хьола тӏе. Цигахь тӏом хилира. Дукха гӏиртира тхо оцу тӏамехь тхайца цуьнга дакъа ца лацийта, тӏом болабалале иза цигара цӏа хьажо. Амма цо ла ца дуьйгӏира тхоьга. «Сан бакъо йац шух дӏакъаста, – элира цо. – Доттагӏий бохамехь дӏа ца туьйсу къонахчо». Массо хенахь массанхьа а тхоьца вара иза. Адам цецдоккхура цуьнан майралло, собаро, тӏеман говзалло. Амма майра, каде, собаре хиларх лоцу къизачу дӏаьндарго. Ши кӏира хьалха, тхо Хевсуретехь лаьмнашка йухадовлуш, тхуна тӏаьхьабаьхначу гӏалагӏазкхийн тоьпийн дӏаьндарго некхах чӏогӏа чов йира цунна…
Шен къамел а сацийна, ӏусмане хи дийхира Петрос. Шега кховдийнчу кхийран доккхачу зоки чуьра хи, са ца доӏуш, лаххьийна дӏа а мелла, балдех йовлакх а хьаькхна, кхидӏа дуьйцура цо:
– Чов хиллачул тӏаьхьа кхаа дийнахь вехира иза. Оцу йерриг хенахь, шен дегӏа чуьра са дӏадаллалц кхетамчохь вара. Цо тхойшинга дийхира шена тӏе нохчийн молла кхачор а, нагахь санна цигахь шен ӏожалла хилахь, шен дакъа винчу йуьрта дӏадахьар а. Цуьнан дехар кхочушдеш, оха Хевсуретин дозанерчу цхьана йуьртара молла валийра. Цуьнца цига веара хӏинца тхоьца волу хӏара Муса а. Лечу хенахь, шун динехь, гӏиллакхехь дан дезарг дерриг дира. Тӏаккха оцу нохчийн йуьрта а вигна, цигахь кечвина, оха кхааммо цӏа валийна. Шун йуьртахь салтий бу аьлла хезча, иза луларчу кӏотарахь а витина, схьадаьхкина тхо. Тӏаккха хӏара кехат а дитина цо, шуьга дӏало аьлла.
Костюман чухуларчу кисанара схьадаьккхина сийна конверт Ахьмаде кховдийра Петрос.
– Баркалла шуна. Дела реза хуьлда. Инзаре доккха гӏуллакх ду аш динарг.
Конверт карахь дӏаса а хьийзош, шен ши бӏаьрг цунна тӏе а боьгӏна, цӏеххьана дӏатийра Ахьмад. Чӏогӏа цергаш тӏеттӏа а таӏийна, цо сихдина до къурдаш гира Николазана. Амма бӏаьргаш декъа лаьттара. Атталла бӏаьрнегӏар а ца тухура. Николазана ца хаьара иза ойла йеш ӏа а, йа шаьш беанчу шийлачу кхоо ӏовжийна дог йухадерзийта гӏерта а.
– Маржа, ӏела, йаӏ, ма къиза дуьне диъна ваха-кх хьо Далла дуьхьал,