маршонан дуьхьа. Хаац суна, со тховса лер а, кхана лер а. Хӏумма а дац, дийнахь-бусий бӏозза велча а! Ишттачу адамашна йуккъехь, ишттачу къийсамехь ӏожалла тӏеэцар ловзар ду!
Ахьмад, сан бераш! Со эвлайаъ вац хиндерг хаа, амма суна цхьаъ хаьа: мацца йагӏахь а, цкъа ирсе зама йогӏург хилар. Хаьа, оцу заманахь къаьмнаш, цхьана доьзалехь санна, вовшашца мерза, цхьабарт болуш дехарг хилар. Ткъа барт болчу доьзалера ийман-беркат, токхо, ирс цкъа а ца хеда. Иншааллахӏ! Цу Дала мукъалахь, оцу заманахь дехар ду вайн бераш, церан бераш… Иза боху соьга большевикаша, ткъа уьш догдика, къинхетаме майра адамаш ду, нехан ирсан дуьхьа муьлхха а халонаш лан, шайн синош дӏадала чӏагӏо йина. Уьш иштта хиларх со тешна, хӏунда аьлча цаьрца бу ас дуккха а халонашкахь, бохамашкахь зийна, даим суна тешаме хилла Петр, Николаз, Михаил, Датико, Кирилл, кхин дуккха а.
Паччахьан ӏедална дуьхьал вайн халкъо бӏе ткъа шо хьалха болийна къийсам хӏинца а сацаза бу. Маса эзар къонах ваьхьна цо, маса эзар доьзал байлахь битина! Вайн жима халкъ ца ларадора шена тӏетеӏачу инзаречу ницкъаца, вайн барт бацара кхечу халкъашца-м хьовха, атталла вовшашлахь чоьхьа а. Ӏехошший, нуьцкъалий ваьшна дуьхьалдаьхна кхидолу къаьмнаш вешан мостагӏий хетара вайна. Амма иза бакъ ца хиллера. Дерриг а цхьа пекъарш ду вай, ӏедало, хьолахоша къацахетарца дацош. Даккхий а, кегий а – дерриг а халкъаш цхьаьнакхетча бен вайга бохалур бац мостагӏий, йаккхалур йац ваьшна маршо.
Хаалаш, оьрсийн паччахьо вайн халкъера дӏайаьккхина маршой, нийсой дерриг халкъан цхьабарт болуш гӏевттичий бен йухайерзалург цахилар.
Петр, Николаз! Сайн даймахках а, халкъах а хаьдда, цаьрга туьйсу са а кхачийна, царах дог а диллина, со генарчу Сибрехь кӏелвисча, дог-дикачу аш верзийра со сайн даймахка, сайн халкъ долчу. Ашшиммо, шуьшиннан накъосташа дӏаайъира иттаннаш шерашкахь суна хьалха лаьттина ӏаьржа бода. Шуна тӏекхаччалц со ма-хиллара бодане, тиларчохь ду сан жима халкъ. Цуьнан бехк бац иза бодане, къен, дера, кхечу къаьмнех ца тешаш хилар. Бӏе шо сов хан йу иза оьрсийн паччахьо хӏаллакден, хьийзо. Бӏе шо сов зама йу иза хьоладайша, церан йалхоша ӏехо. Цара