Уьш а реза ца хилла, боху, имамалла тӏелаца. Даим санна, Нохчийчохь эладита даьржина, кестта Хонкара пачхьалкхо Россица тӏом болор бу, Кавказ дӏалоцур йу, уггар хьалха туркойн эскарш Гуьржийн Бӏон новкъахула Теркан областе догӏур ду бохуш.
– И питана даржораш муьлш бу, хаьий хьуна?
– Цхьаберш хаьа. Делахь а уьш леца, царна дуьхьал тоьшалла дац. Доцца аьлча, халкъ ӏедална дуьхьал карзахдохурш хьалха правительствона гӏуллакхдеш хилла, амма цхьацца зуламаш тӏехь а, правительствона йамарт хилла а гучубевлла нах бу. Халкъа йукъахь хьалхалера сий дац Зеламхин. Вайн отрядашца тӏаьххьара хиллачу тасадаларехь, накъостий а битина, вадаро сий дайъина цуьнан, цуьнца бисина кӏеззиг накъостий а тӏаьхьара дӏабевлла.
Караловс дуьйцучарех цхьадерш хаьара Михеевна. Цунна хаа луург кхин дара.
– Зеламха схьалаца йа хӏаллакве, боху Тифлисера схьа. Иза дийна мел ву, хӏокху областехь машар, синтем хир бац. Ахь а, Морганияс а мосазза а дош делла цуьнца дерг чекхдаккха. Хан дӏайоьдуш йу. Ткъа Зеламха дийна ву. Дийна а ву, маьрша а ву. Хьо хӏун деш ву, хӏун дан ойла йу?
Караловс шена хьалхарчу кехаташна йуккъера цхьаъ схьаийцира.
– Йуьхьанца суна моьттура эскаран дакъошца тӏаьхьателлича, Зеламха хӏаллаквалур ву. Иза аьттехьа а ца хиллера. Тӏаьхьадаьхна адамаш алсам хилча, цунна атта хуьлу къайлавала а, ларвала а. Вайнчул дика болх беш, йоккха агентура йу Зеламхин. Цундела цунна дуьхьал къайлах болх бан шатайпа команда вовшахтоьхна ас. Оцу командехь бу Жима Атагӏа, Махкатӏе, Шела, Эвтара, кхин цхьамогӏа йартийн йуьртдай. Йалх стражник а, Дегӏастанан полкера йалх дошло а. Итт нохчо, йалх суьйли. Йалхитта стаг. Майра, хьуьнаре, доьналле. Къуръан тӏехь дуй баийна ас царна разбойник Зеламха хӏаллаквеш вовшашна тешаме хила, тӏаьххьара цӏийн тӏадам ца кхоош, вовшашна гӏо дан, вовшашна йамартло йан дага ца даийта а. Цул совнаха, ламанхойн гӏиллакхехь, вовшийн цӏий эдеш, шаьш вежарий кхайкхийна цара.
Михеевс, резахилла, корта теӏабора.
– Кхиам буй церан?
– Бу. Царна лар карийна Зеламхин.
– Иза-м кхиам бац, подполковник. Зеламхин лорах вай лела кхойтталгӏа шо ду!
– Иза маьрша дукха леларг цахиларх хьо тешо лаьа суна, хьан Локхалла. Зеламхас дӏа мел боккху ког хаьа суна.
– Хӏинца мичахь ву иза?