1913 шо, 30 сентябрь
№ 10684
Ведана-слобода
РАПОРТ
Хьан Локхалле хоуьйту ас, хьалха цуьнан гӏера а йохийна, цхьалха висина къиза разбойник, динан фанатик Гушмазукаев Зеламха 26-чу сентябран буса Шелана уллорчу цхьана кӏотарахь Дагестански дошлойн полкан дошлойх вовшахтоьхначу поручикан Кибировн отрядо вийна хилар. Отрядаца бара Шелан йуьртда Дослихов Михаил, цуьнан гӏоьнча Гӏезамахьмаев Мурад, сан округера нохчийн агенташ. Зеламхица тасадаларехь чӏогӏа чов йина поручикана Кибировна, ткъа йункерна Дебеков Закарьянна а, дошлошна Магомедов ӏаббасана а, ӏабдулӏазизов Закарьянна а йайн чевнаш йина.
Дейтта шо гергга хан йара Зеламхас йоккхачу къизаллица зуламаш ден. Цуьнан исторехь йаздина ду цӏерпошташ талор а, херцор а, дийнан серлонгахь эвххьаза гӏаланашна тӏелетарш дар, банкаш, вокзалийн кассаш, правительствон учрежденеш, Гӏизларера банк, некъахой талор, хьалдолу нах йийсаре кхийлар, императорна, правительствон хьалха шайн декхарш доггаха кхочушдо администрацийн куьйгалхой байар а.
1911-чу шеран май баттахь хӏокху округа тӏехь урхалла сайх тешийча, округан начальникан уггар хьалхара а, уггар сийлахь а декхар кхузара туземни бахархой русифицировать бар, цаьрга оьрсийн культура тӏеэцийтар, цаьрга шайн акха амалш а, гӏиллакхаш а хийцийтар, кхечуьнан дахар а, долалла а лардар, йа вуьшта аьлча – къоланаш, талораш, адамаш дайар, кхидолу зуламаш дитийтар а, церан хьекъал, кхетам кхиор а дуйла хууш, сайн ницкъ ца кхоош, оцу агӏор гӏуллакхаш дина ас. Уггар хьалха болх бира ас халкъана хьалха Зеламхин сий дойуш, цо ӏедална дуьхьал латто къийсам, эрна хилла ца ӏаш, халкъана зуламе, бохаме хиларх, оцу зуламех а, бохамех а халкъ лардар сайн сийлахь декхар хиларх бахархой кхетош.
Сайн уггар коьрта а, сийлахь а декхар лорура ас хӏокху округерчу правительствона тешамечу туземцийн гӏоьнца и къиза разбойник Зеламха а, цуьнан гӏера а йоццачу хенахь хӏаллакйар. Цундела хӏокху тӏаьххьарчу шина шарахь, Зеламхас со вен кхерамаш туьйссушехь, сайн дахар хӏора минотехь ӏожаллина хьалха а хӏиттош, нохчийн лаьмнийн, хьаннийн халчу, кхерамечу хьелашкахь округан администрацин чиновникийн а, Дагестански дошлойн полкан йеа сотнин а, Кубански пластунски батальонан а аьтто хилла гӏараваьлла разбойник Зеламха а, цуьнан гӏера а хӏаллакйан.