Оза, йеха йуьхь, буткъа мара, деха маж-мекх, чуэгна беснеш йолуш. Къаьсттина ца девзара куьйгаш. Тхо цо хьоьстуш, дадин куьйгаш даим кӏайн, цӏена, кӏеда хуьлура. Ткъа суна хьалха ӏуьллучун куьйгаш ӏаьржа, эндаже дара.
– Хӏара Зеламха вуй? – хаьттира тхоьга полковнико.
– Аса, вац, элира. Зезага, ву, элира. Тӏаккха тӏегулделла адамаш дӏаса а лаьхкина, ден дакъа йуьртден канцеляри чу даьхьира. Дакъа лоьраша этӏо деза, бохура. Тхо цигахь а долуш, дӏавоьллира дада. Салтийн говраш кхобучу божална улло. Цӏан а ца веш. Марчо а ца хьарчош. Цӏеша йуьзначу бедаршца. Иштта дӏаволлар-м, гӏаддайча, тардолуьйтура оха. Гӏазотехь велларг лийча ца веш, марчо а ца хьарчош, Йасин, Заӏам ца доьшуш дӏаволла магош хиларна. Амма кешнашка а ца вуллуш, божална уллохь, кхелли кхийсинчу маьӏӏехь иза дӏаволлар дагахьбаллам буьтуш дара.
Муслимата дуьйцурш цхьадерш суна керла а дацара. Амма шина гуьржичо, цхьа дош тӏех ца туьлуьйтуш, ладоьгӏура. Цхьадерш шен блокнота тӏе дӏайаздора Зураба.
– Да дӏавоьллича, цуьнан кошан борза тӏе а хӏиттина, Соьлжа-Гӏала йухадирзира тхо. Полковнико автомобилахь далийра. Нана ца тешара дада вийна бохучух. Цо йух-йуха а хоьттура, цуьнан дакъа дарий иза бохуш. Ас, дац, олура, Зезага, ду, олура. Зезагах тийшира нана. Мичахь, муха дӏавоьллина иза, хаьттира. Оха дийцира. Нанна чӏогӏа вас хилира.
– Мацца а цкъа хӏара де тӏехӏуттур дуйла-м, хаьара суна, – бохура цо. – Кхойтта шарахь синтем байна лелла со. Арахь цхьаьннан когийн тата хезча, хӏинца-м иза вийна аьлла, хаийта вогӏуш стаг ву бохуш. Ӏожалла-м Делера йара. Ша кхоьллина синош цхьацца бахьанашца дӏадуьгу цо. Азаллехь иштта ӏожалла йазйина хилла цуьнан. Адам ма дара иза. Бусалба ма вара иза. Йуьртан кешнашка дӏаволлийтинехь ма мегара. Къен делла бежана санна, цхьанхьа керта улло дӏатаӏийна. Хӏан-хӏа, Зезаг, иза кешнашка дӏа ца воьллича, сатуьйр дац сан…