Шен исторехь хӏинццалц схьа дӏадахнарг лардан а, тӏейогӏучу заманахь шена оьшудолчун ойла йан а кӏорггера кхетам ца хилла нохчийн халкъан. Цундела шен таханлерчу тӏаьхьене а, тӏейогӏучу тӏаьхьенашка а дӏагайта цу лакхахь дийцинчарах цхьа а хӏума дац цуьнан. Атталла, лаьмнашкара шира бӏаьвнаш а, кешнаш а ца лардо. Мелхо а, йохалург йохийна, талийна.
Къоман ӏилманна а, дешарна а, культурана а, могашалла ларйарна а, ӏаламна а бӏе шарахь меттахӏотталур доцуш зенаш дина нохчаша хӏокху тӏаьхьарчу масех шарахь. Пачхьалкхан, йукъараллин долара бахамаш талийна, электросерлонан, телефонийн зӏенаш йохийна. Къинхетамза хӏаллакдо къоман йукъара долалла – хьаннаш, мехкадаьтта, газ, дерриг а ӏалам.
Дегӏастанахь шайн къоман турпалхошна, махкана, халкъана пайдехьа гӏуллакхаш динчу къонахашна, ӏилманчашна, йаздархошна, суьрташдахкархошна, композиторшна, илланчашна хӏолламаш хӏиттийна уьш бинчу йарташкахь а, республикан столицехь а.
Амма Нохчийчохь ца хӏоттийна цхьанна а.
Сиржа-Эвлана уллохь, Ведана хьалабоьдучу некъана аьтту агӏор, йистехь, Советийн ӏедал долуш хӏоттийна скульптурни хӏоллам бу. Говре хи молуьйтуш, ша хи а молуш сецначу нохчочун. Скульпторо хӏумма а дагахь а доцуш хӏоттийна хила тарло иза, амма халкъо Зеламха ву аьлла, тӏеэцнера и хӏоллам. Цунна гонаха керт йара, чоьхьа хаза бай болуш. Масех шо далале йохо йолийра иза нохчаша. Охкуш, тӏе цӏерш йазйеш а, герзаш детташ а. Хӏинца цуьнан хилла керт а йац, гонаха къух даьлла, массара а дӏатесна лаьтта иза. Амма цуьнан дола дан а, сий дан а, лера а кхетам, йахь ца хили нохчийн…
1997 шеран 25 октябрь – 1999 шеран 18 май.
Мескета