Хӏара бакъонца Сибрехара цӏа веънехь а, кхузарчу ӏедална хӏун эхь ду, цхьа бахьана тӏе а кхоьллина, цига йуха дӏахьажо а. «Цкъа хьалха, сайн доьзал дийна бу-бац, хьожур ву со. Нагахь уьш дийна белахь, тӏаккха со вовзуьйтур ву ас, бацахь… Дала дайттинарг дийр ду-кх. Цул даккхий вонаш а лайна ас, иза а ловр ду…», – сацам бира цо.
Тхьузйоьлла настарш меттайало гӏерташ, меллаша цхьацца-шишша ког боккхуш, сецаш, серло гучу керта воьдуш, цо ойла йора, оцу хӏусаман дайшка ша хӏун ала-те бохуш. Цунна дагавеара тӏом чекхбаьллачул тӏаьхьа шен гергарло тасаделла Оьрза-Гӏалара Андри цӏе йолу цхьа гӏалагӏазкхи. Керла бахам вовшахтухуш шений, Айзиний цхьацца оьшург эца ахча а, йа ахчанна дохка йалта а, бежана а ца хилла, шен а, Чорин а сту а боьжна, дечиган кӏорий, хьаннашкара лахьийна акха стоьмашший бохка дагахь ворданахь Оьрза-Гӏала вахча вевзинера цунна и гӏалгӏазкхи. Андрин ков-керт, эчиган пхьалгӏа а йара, оцу пхьалгӏахь шортта кӏора а бара. Муха ца хуьлура, церан йуьртана гена йоццуш йоккха хьун хилча. Амма ӏела мича дезаро араваьккхина кхуза веана хиъначу Андрис, цуьнан ворданара кӏора пхьалгӏи чу охьа а боьхкина, цунна дуьхьал масех бел а, цел а, марс-мангал а, бахамехь оьшу кхин цхьацца хӏуманаш а йелла, цӏа хьажийра ӏела а, Айза а. Хӏетахь тасаделла хьошалла лаьттира царна йуккъехь ӏела Сибрех вахийтталц. Андрис, Гати-Юьрта а вогӏий, кхузарчу нахана мехах цхьацца эчиган гӏирсаш бора. Иштта веана ӏела волчохь ши бутт сов хан йаьккхира цо, хӏара Хонкарара цӏа веача а.
«Ас ца вовзийтахь, кхузахь со цхьанна а вевзар вац. Оьрсийн мотт а суна дика хаьа. Хьо мила ву аьлла, сайга хаьттинчуьнга, Андри ву, эр ду ас», – шена маслаӏат дира цо.
Кертара схьа жӏаьла хьадарна кхоьруш, кетӏара ринжа деллале шозза-кхузза йовхарш туьйхира цо. Амма меттахъхьовш хезаш хӏума дацара. Хӏетте а кертахь цхьанхьа жӏаьла хирг хиларх тешаш, ларлуш, гонаха а хьоьжуш, тхов тӏе латта тесначу кегийчу цӏенойн уча а ваьлла, меллаша кор туьйхира ӏелас. Цӏа чохь цхьаъ меттахъхьайра. Тӏаккха неӏаре догӏуш берзинчу когийн тата а хезира. Дукха хан йалале, неӏ йиллина, тӏекхоьллина чоа а, кога туьйдина неӏармачаш а йолуш, уча велира хӏусамда.