совдегар къайлаваьлча. – Борз, хьакха, цхьогал, мукадахка, пашбукъ. Адамашца, цуьнан гӏуллакхашка хьожжий, хийцало уьш. Къиза хила везахь а, йамартло, тешнабехк бан безахь а, хьаставала везахь а. Тхан йуьртахо ву Бета. Сан хенара. Ӏаьлбаг-Хьаьжин гӏаттам болчу хенахь эла Авалун къайлах айкх вара иза. Махкатӏехь, Хоттанехь, Тевзанахь, Элистанжахь а наха дӏа мел баьккхина ког ӏедална тӏе дӏахьош. Тӏаккха масех шарахь Махкатӏехь йуьртда а лаьттира. Нах талош шай-кай а ӏаӏийна, совдегаралла лело вуьйлира. Амма наха ца вуьтура иза кху агӏор ког хецна ваха. Шозза цӏенош а дагийра, йалта а, докъарш а дагадора, даьхни ца дуьтура. Кхузахь шен гӏуллакх хир доцийла а хиъна, кхелхина, Шела вахара иза.
Некъахо хӏумма а цец ца велира Тасухас дийцинчух. Мацах цкъа хӏокхуьнан шен да а ваханера оццу новкъа…
Ведана гӏопана тӏехьара йоккха майда дӏалаьцнера базаро. Кхузахь бара беркъа бухабелла гондӏарчу йарташкара нохчий а, де довха делахь а, тӏейуьйхина кхакханан кетарш, коьрта техкина кхакханан куйнаш а долуш, ӏаьндой а, мелардой а, цӏадахьарой а. Эшамаша таӏийна, стерчий санна Бециш бакъабеллачу царна йукъахь догӏмашца а, басца а, духарца а къестара аренгара баьхкина таронаш йолу нах а, кегийра совдегарш а, кху гӏопехь гӏуллакх деш болу нохчийн, оьрсийн эпсарш а, салтий а, чиновникаш а.
Гӏопан тӏулгах бинчу лекхачу пенан бохалла хӏиттина лаьттачу а, хевшина ӏачу а божаршний, зударшний хьалха ӏохкура цара шаьш дина дагарш, мангалш, целаш, маьрсаш, пешан гӏалакхаш, морзахаш, таьлсаш, бухкарш. Йукъа-кара тӏулгашна йукъа пенах диттинчу дечган хьостамех кхозура вертанаш а, бустамаш дохуш кечдина къорза истангаш а.
Цхьана агӏор шайн могӏа бара йалтийн, цӏеста а, кхийра а пхьегӏаш йухкучу дегӏастанхойн. Йуьстах, нехан кертех дӏатийсина лаьтташ, говраш, бежанаш дара, мацалла чожаш чу а кхетта. Басехьа, доккхачу бӏара кӏел, гарсех жижигаш, дуьмеш кхозура, оццу могӏарехь зударий а лаьттара кхийра пхьегӏаш чохь даьтта, моз, вета, кӏалд, нехча йухкуш.
Кхекхий, цӏокарчий, тӏаргӏий бухкучу могӏаре йигна, шен ворда сацийра Тасухас.
Ворданара охьа а воьссина, цу чуьра схьаэцна шен чамда лаьтта а