йуьртахь йекаш котам хезар йац хьуна. Лаххьайой йуу. Маьттаза йаппарш йо. Цхьадика, зударий а, бераш а ца кхета церан маттах. Йа царах летта, вала веза, йа уьш а ловш, котам санна, таьӏна ӏен веза. Цкъацкъа ойла хуьлу, царах а, хӏокху ӏедалх а летта, велург вийна, Зеламхин тобанах дӏакхета. Тӏаккха а доьзална, кегийчу берашна хӏун дийр ду а ца хуий, сатухий, соцу.
Ӏелина тахана мосазза а хезнера наха оцу Зеламхин цӏе йоккхуш.
– И Зеламха мила ву?
Хӏусамда, цецваьлла, хьеше хьаьжира.
– Хорачойн Зеламха вуьйцу ца хезна хьуна?
Ӏела вуьйхира. Зеламха цӏейаххана стаг хилча, Оьрза-Гӏалахь ца вевзаш йа вуьйцу хазаза хуьлийла а ма дац. Оцу тӏехь ша гучуваларна кхеравелира ӏела.
– Вуьйцу хезна суна, амма цунах лаьцна тайп-тайпана хабарш ду тхан агӏор.
– Зеламха мила ву, хоьтту ахь? Зеламха обарг ву. Цуьнца бу уггар майра нохчийн, гӏалгӏайн кӏентий. Иза паччахьан ӏедална дуьхьал гӏеттина, цо бекхам оьцу къизачу, йамартчу хьаькамех, гӏийла-мискачеран догъоьцу. Иштта ву-кх хорачойн Зеламха!
Пхьор диъна, шаьш паргӏатдевлча, ларлуш, шен доьзал хетта вуьйлира ӏела.
– Шовзткъа шо хьалха дика таро йолуш вехаш вара со. Сан долахь аьчган пхьалгӏа, дика беш, ши говр, бежанаш а дара. Хӏетахь сих-сиха хӏокху йуьрта вогӏура со, нахана цхьацца гӏирсаш а бохка, пхьола а дан. Оцу заманахь кхузахь, хӏоккху йуккъехь, цхьа хьаша вара сан, со тӏевуссуш. Хонкара а вахана, шо а даьккхина, цӏа веача, дукха хан йалале лаьцна, Сибрех вахийтира иза. Оццу хенахь сан гӏуллакхаш а галдевлира. Доьзал хене баккха гӏерташ, Донехула, Кубанехула, дуьне мел ду волавелла лела дийзира сан. Хӏетахь дуьйна вовшийн гина вац тхойшинна йа, хӏун хилла а, ца хаьа.
Хӏусамдас цецваьлла ладоьгӏура хьешан къамеле. Гуш дара, иза цхьаъ дагадаийта гӏерташ хилар.
– Цӏе хӏун йара хьан хьешан?
– Цуьнан цӏей… – ойла йечуха, тховх хьалахьаьжира ӏела. – Цуьнан цӏе ӏела йара, моьтту суна. Суна дагахь, шел воккха цхьа ваша а вара цуьнан. Иза а Хонкарахь вийнера.
– Сийсара ахь хьайн цӏе Андри йу аьлча, охьавижначул тӏаьхьа дукха ойла йира ас, и цӏе йохуш суна мичахь хезна-те бохуш. Хӏинца дагадеа. Мацах цкъа, со жима волуш, тхайн нанас дуьйцу хезнера суна, аьчган