хьесан кӏужалш. Эскар гергакхаьчча, йека йолайелира кегийчу тӏулгех йуьзна хӏокхеран ши йоккха топ. Нийса ниша лоцуш, хӏокхара дуьхьалйеттачу тоьпийн дӏаьндаргаша охьабохкура хьалхарчу могӏаршкара салтий. Амма уьш, цхьа а леш воцуш санна, хьалха гӏертара. Хӏинца шера къаьстара церан къиза йаххьаш. Наггахь совцуш, бертахь тоьпаш а тухуш, зингатий санна, хьалха гӏертара уьш. Ӏелагӏеран жимачу бӏона йуккъехь байъинарш а, чевнаш хилларш а бара. Цхьаболчара уьш регӏа дӏакхоьхьура, вукхара мостагӏа сецавора. Эххар а мостагӏчуьнца чуьччабахара уьш. Йукъ-кара бен топ йолу а ца хезаш, дека доладелира болат.
Бист а ца хуьлуш, оьгура шина а агӏорхьара. Амма ӏелагӏар йуха ца бовлура. Йухабовлийла а дацара. Шайна тӏехьа лаьтта зударий а, бераш а кӏелхьардаххалц мостагӏ сацо везара. Ӏелина гира шина салтичо цхьамзанаш ӏоьттина хьалаайбина ӏаларойн Вара йуьстахкхуссуш а, мескатахойн Эдала оцу шиннах цхьанна гайх шаьлта ӏуттуш а, вукхунна некха тӏе а таӏийна, тапча тухуш а, говра тӏера охьа а кхевдина, цо Вара хьалавоккхуш а. Цӏийн ӏовраш, узарш, кӏур, шаьлтанийн, цхьамзанийн лепар, терса говраш…
Салтий кӏез-кӏезиг йухабуьйлура, амма геннахь гучубевлира коьллашкахула чаболахь богӏу дошлой. Ӏелагӏар, шайн ши йоккха топ а такхийна, боьлака йуха а бевлла, дойшна тӏехевшира. Хӏинца уьш бӏеннал кӏезиг бара, итт мостагӏчунна дуьхьал цхьаъ а ца кхочура. Хӏун дийр ду ткъа, шаьш белла а, кхин а цхьана сохьтехь мостагӏ сецо везара цара.
Хӏинца уьш говраш тӏехь тасабелира. Ӏелина уллохь каде хьийза Акхболатан Ахьмад. Цуьнан шина а буйнахь цхьацца тур ду. Аьтту а, аьрру а – шина а агӏор мостагӏий цоьсту цо. Ӏелин цхьа ност кӏел а йуьтуш, охьакхета цуьнан говр. Цунах маршавала гӏертачу ӏелин аьтту белш дӏаьндарго йагайо. Ша хӏетта цунна тоьхна, кӏур туьйсу тапча доьхкарх а йуллий, тур ойу хьаьрсачу дошлочо. Ӏелас шен сих дог дуьллу. Амма оцу минотехь хьаьрсачу дошлочун корта белшах къаьста. «Воха ма вохалахь, ӏела! Суна тӏехьа говра вала!» – мохь бетта Ахьмада. Ӏела говра тӏе хьалавала гӏоьрту, амма ницкъ ца кхочу. Тӏаккха Ахьмада шен андийчу куьйгашца озийна хьала а ваьккхина, шена хьалха пурхалла вуьллу иза.