Ховхачу бӏаьргаш чохь ӏуьйренаш йоьлуш,
Ховхачу куьйгаш тӏехь суьйренаш йоьлуш,
Де́н-не́на цӏарах со дуьнен чу ваьлча,
Даймохк, хьо хуьлур-кха сан ховха бӏаьрса.
Де́н-не́на доккхаде́р дайн тӏе́маш хилла,
Де́кхаран жоьпалла беза мохь хилла,
Дуьххьарчу новкъа со во́лучу дийнахь,
Даймохк, хьо хуьлур-кха сан деган къийлар.
Къийсаман цӏе эцна со новкъа ваьлча,
Хела йоӏ санна сан некъ хьийза баьлча,
Ца вуьтуш лела со аренца тилла,
Даймохк, хьо хуьлур-кха сан некъан илли.
Вешина ва метта буто ша боьлхуш,
Йишина ва метта куьйса эрз боьлхуш,
Ге́нарчу махкахь сан бӏарзйелча ойла,
Даймохк, хьо хуьлур-кха сан гӏенийн гӏовла.
Нуьречу бӏаьргаш тӏе кӏайн марха йеъча,
Сайн доьзал ца бевзаш сан бӏаьрса ешча,
Висча со стаг во́цуш гlo-да́къа ла́ца,
Даймохк, хьо хуьлур-кха ас луьйзу ӏа́са.
Некъаша ӏийшина кура дог сецча,
Тӏаьххьара къонахийн верта тӏе тесча,
Тӏаьххьарчу новкъа со ойучу ханна,
Даймохк, хьо хилалахь со ойу барма.