Горхӏоьттина лаьттира хӏокхунна довхо,
Амма хӏара реза йац къинхетамбан!
Лерга чохь «бум-м!» хезаш, самъели текхарг,
Бумбари кхаьчнера, бахьаш цхьа кхаъ.
Тера дара – уллохь бу адмашна бохам,
Дуьненахь вуьтур вац адамех цхьаъ!
Амма ца къаьстира бумбарино бохург,
Ца къаьстира багара цуьнан цхьа а дош.
Къорзачо бумбарина гонаш-м дохура…
Текхарг ца йахара пайда а хьош.
Дуткъа цӏога долу и чӏегӏардиг дуьйли,
Ца гойтуш, дӏадаха, ца хьайеш буц.
Бумбари-м орцане гӏовгӏа йан йуьйли,
Текхарг чукхосъели, отуш и къух!
Каде и чӏегӏардиг кӏелхьарадели,
Къорзаниг гӏоьртира лаца цуьнан букъ,
Текхарго дегӏаца цӏоган йукъ йеши,
Ши цӏога цхьаннах деш, мерцира йукъ!
Тӏам маса чӏегӏардиг-м ду майра лелаш,
Адмийн цу гӏишлошкахь шен бен а беш.
Адмашна-нахана уллохь ду дебаш,
Ши цӏога долу дийнат, дуьне хаздеш!
2005шо