Вахит Хаджимурадов
ӏашхой-Марта ӏаьнан йуккъера чиллан бутт шийлачу суьйренан карахь дӏатийначу хе́нахь, хӏо́ра нохчийн хӏусаме йуьртахь хье́ший бина дӏатарвира 2-3 салтий. Нохчаша хье́ший, шайн хуьлуш долучух хьо́шала дина, уьш тӏе а ийцира, йуъург а, молург а хӏоттийна хьалха.
Амма ӏуьйрана сатосучу хе́нахь «хье́ший», шаьш хьала́гӏовтушехь, шайн герз кара а эцна, хӏусамде́на и герз тӏе а лаьцна, салтех цхьаммо и эвлайуккъе кхе́чу божаршна тӏе дӏавигира. Бисинчу салаша, хӏусамне́не Ребаӏатига а, цуьнан деъа бе́ре а, сихо йе э́лира, ах сахьт хан а луш! Ребаӏат оьрсийн маттах ца кхийтира, ше́ло́нан ткъес ту́хуш дийкира цхьа дош: «Сибрех»! Бе́рашна йовха хӏума тӏе йуха а ца кхиира зуда, ах сахьт кӏезига хан йу-кх «да́имана цӏе́ра йоккхучу хӏусамана»! Салташа кхин сов хан ца йе́лира! Йоьдуш лаьтташехь, бе́рашна а, шена а керайо́гӏу хӏума а тосуш, сийсара салташна а, шайна а ша́́ хьалха биллинчу кха́чех йисина кӏезига хӏума га́ли чу кхоьссира зудчо. Шийла ӏаьнан мохо ше́н кара ийцира Ребаӏатан хӏусама, тера дара - уьш дийна мел бу, и ше́ло́ це́ран да́хар хилла дӏахӏуттур йолучух. Ше́н миска бе́раш мара а къуьйлуш, хьалха а баьхна стенгазале (в неизвестное) йоьдучу нохчийн зудчунна кхерамо къарзийначу бӏаьргашна тӏаьххьара хьалха хӏоьттира сурт: суьлийн махка а́гӏора чу бо́гӏуш болу нохчийн цӏенош, ба́хамаш къуьйсуш дӏалуьйцуш болу «ирсе́н хье́ший».
Бежнаш чохь лелош долчу э́чиган бухна тӏехь аннех йуьйцина вагон шийла йара, шийла йара бо́хург-м тера-мера да́цара! Бежнаш-м шайн амал йолуш ду: шайн садеӏарца шаьш дохдеш, къаьсттина тӏехула тхов болуш меттиг хилча, божал йа хӏара вагон санна меттиг. Амма хӏокху вагонна чу боьхкина нах ше́ло́нах хилла а ца ӏаш, къизаллах уьш дӏаийбан, къизаллица хӏинца дуьйна дӏа це́ран гергало дӏа ца хадийта боьхкина бара! Ше́ло́-м гуттар чӏагӏлуш йара! «Ларлолахь, зуда!» - аьлча санна…
Ребаӏат кхерайелла, ша́ ӏуьллучохь кхосса а луш, самайе́лира... Гонаха бода бара. Цӏаьххьана дагадеъира хӏокхунна ша́́ стенгахь йу, хӏунда йу, ша́ каде ца хилахь… шена хехой тӏе кха́чахь… ца́ра, кхин бахьанена ца тохахь а, веккъа цӏена кхеравелла а топ ту́хура йуй а!