луларчу бе́рашна гӏо дар доьхуш, шайна ӏожаллин са́гӏа цунах дар Де́ле доьхуш, дӏахьажадора. Болатан къам кхин муьлхачу къо́мах а́ла деза! Баккхийчийн гӏа́зот къо́бал а деш, ӏожаллин новкъа бевлларш буьтуш, Ребаӏат сихо йеш бе́рашна тӏехула ӏожала хьийзачу хӏусамашка кха́ча хаьжира. Масийтта нохчийн бе́рийн са ӏо́жаллан багара даьккхира зудчо хӏокху суьйрана.
Ше́н тоьлин готтачу неӏарах чу а йеъна, ше́н шина йоьӏан а́гӏо ло́цуш, и шиъ ше́н не́нан деган йовхонца йохйеш дӏайижира Ребаӏат.
Амбар йо́цург кхин рицкъа да́цара хӏокху нохчийн мисканийн, ӏожалло лаг лаьцначу хийран а́рахь. Масех де даьлча, Ребаӏатас ӏожаллица къевсина даьккхина рицкъа, кха́чадалан дезаш дара. Уойла йан йезара, кхин дӏа му́ха амбарах пайда оьцура бара. Ша́ цхьаъ и ларалура йа́цара, хе́хоша и лоцура йара, ткъа къола деш каравахна нохчочунна, це́ран герз тӏе тоха бакъо йолуш дара, цхьана меттехь. Тӏехула тӏе, хе́хочо и герз тоьхна, къу вийча, цунна Советан ӏе́дало ахча а лора, преми аьлла цӏе а тоьхна. Дикка ладоьгӏча, чохь са дисина боьрша нах а ба́цара, ца́ра, шайна а ца кхо́чийтуш, бе́рашна а, зударшна а дӏалора, шайна карадеъна рицкъа. Ребаӏатан майрчун Зойрбекан гергара а ларлуш, хӏинцца мекх хьалагӏуртуш чо ба́лаболабелла, Муслим бо́хуш цӏе а йолуш кӏант-стаг вара. Муслим дуьххьала дӏа къар ца луш, шадолчу дуьненна а дуьхьалаваьлла къаьсташ вара массарна а йукъехь. Муслимана тӏехь бӏаьрг сецира Ребаӏатан. Цо цхьаннига а ца хоийтуш ше́н тоьлийнчу валийра кӏант. Дашо бос лепаш долу кӏана буьртигаш шена гича, цецваьлле́ра кӏант. Зудчо жимма кхаьрзина дисина кӏа а де́лира мацало кийра хьовзийначу кӏантана. Тӏаккха хӏокхо дийцира, бӏаьргаш серла даьллачу кӏантана, шена дагадеънарг. Муслим чӏо́гӏа ре́за хилира Ребаӏатица амбара чуьра кӏа лачкӏадан ва́н. Муслим хье́къал долуш кӏант хилле́ра, цо, шаьш амбарна буха девлича, буруца шиъ, кхоъ ӏуьрг доккхура, га́лин чу кӏа сиха охьаэхийта. Шайн га́леш ах даьлла дуьзича, буруца даьхначу ӏуьргашна чуьра кӏа охьа ца эхийта, тӏаккхахула даьхкича атта хилийта, бамбийн поттарчий а йеъне́ра. Миччара карийнехь а, ше́ний, Ребаӏатиний тиша делахь жимма кӏайн басахь кӏа́ди бахьана а карийне́ра. Салтийн