Чӏе́гӏардигийн каде хьийзар денна
«Чудерзаре» кхаьчна дели эххар.
Аьзнех хьалабуьзи це́ран бен а,
Бе́ро санна, хьан тхов-кӏело бехйеш.
Ахь хьайн бӏаьрг ца боккху царна тӏе́ра,
Ӏехо гӏерташ ворхӏе дех а дахнарг:
За́ма хиллий хиъна хьу́на, бе́ро
Даий-малий бен ца доьхуш, йахнарг.