Ма, кху а́гӏор схьахьажарх а ларлуш,
Ге́нахула вийлине́ра тӏех со.
Хӏинца ас хьан ке́тӏа йеъна лар а
Когийн айраш да́го хьегӏачех йу.
Хьайнна бисна тӏаьхьабисна ба́ла,
Хьа́ша ву хьо дайх йисинчу кертахь.
Ге́на-ге́нахь ахь йитинчу гӏа́ла
Хьан ойланийн тулгӏе йухакерча…
Хьох белахь а, махьарх бо́цу доьзалш
Дӏа́сабаьржи, хедош хьоьца уьйраш.
Кха́чадели хьан дуьненан дезарш,
Цхьа а во́цуш йекъа хьоьца пхьуьйре.
Цӏе́хьаверзар нисдаларна гӏийла,
На́ха хьу́на жолам хьежадахь а,
Хьоьга cа́гӏин салам кховдиний бен,
Сайн чуверзар хеташ вац-кха цӏахь со.
Ткъа, кху а́гӏор схьахьажарх а ларлуш,
Ге́нахула вийлинехь а тӏех со,
Хӏинца ас хьан ке́тӏа йеъна лар а
Де́лан дуьхьа шайтӏа къардинчех йу.