Хьаргӏанийн бодано виначу лаьмнашна го беш,
Жоп до́цуш дисира сан пхе́наш озийна хаттар:
Сох хила доьгӏна те́ бехчалгийн кхолламан бобе́р?
Сох хила доьгӏна те́ сагӏина сеттина хаттар?
Мецачу кийрара йишхаьлла мукъамаш бо́хуш,
Къорачу иллешца со лийриг цахилар къедош,
Ас хӏо́ра буьйсана, шелделла дайн ардаш о́хуш,
Лехьийна лазамаш денлора, сан гӏе́наш хедош.
Ас маьлхан зӏаьнарех туьйсура дахьийна пӏелгаш,
Шелоно хедийча сайн дечиг-пондаран мерзаш.
Иллеша къардора сан лорах хӏиттина белхарш,
Къилбехьа таьӏна со, лаьмнашна дуьхьала верзош...
Дорцаша йакхдинчу сан даг чохь мекха йац, мо бен,
Жоп до́цуш ца дисна сан пхе́наш ийзийна хаттар —
Ца хила доьгӏне́ра бехчалгийн кхолламан бобе́р,
Ца хила доьгӏне́ра са́гӏина сеттина хаттар.
Кхетта со: лаьмнашна хе́рделла сан некъаш доьхча,
Сан иллин мукъамо со новкъа воккхур ву атта.
Ас дечиг-пондаран мерзашка жимма ладоьгӏча,
Сан когийн айрашна хаало Даймехкан латта.