…Ас йуха а сайн къамел дӏадийр ду,
Къайлакхоьхьуш логах дуьйлу къурдаш.
Ас доӏа а не́нан маттахь дийр ду,
Тӏегулбина нохчийн меттан мурдаш.
ӏехош Да́ла хьа́налдинчу декъах
Тхайн синошна чукӏаргделла даьӏнаш,
Токхур о́ха къоман сийлахь декхар,
Йуьхькӏайн лоьхуш нохчийн меттан маьӏна.
Кхе́таш дуй тхо-м: тӏе́ра чан дӏаэцна,
Тептар санна, йухакего боло
Тӏаьхьалонна дӏабиллалуш бац и,
Буьйцуш хилар – и бу цуьнан толам.
Цу кхе́тамах, дарба санна, ийна
Безачарна лезна и цаба́лар.
Цунах кхе́та тӏаьхьависна ӏийнарг,
Орцахва́лий, тху́на йуххе ва́ла.
Къилба тило хьийза бода хьаьъча,
Гур ду вайна, некъ вайн нийса хиллий.
Маьршадохуш даг чу хьийза кхаьънаш,
Аьр вай тӏаккха нохчийн коьрта илли!