Цу буса а, цуьнан нуьре хиларна, Мовсарна наб кхетта, ӏуьйранна бен сама ца волуш. Тӏаккха йоккхачу стагий, Мохьмадий, Мовсарий барт бина, нускал доссийначуьра дадийна дига.
Иштта зуда юьгуш а, той деш а, иоккхачу стаге кхойкхуш хилла элаша. Цул совнаха кхуьнан хилла Жовхӏаран йолчарех нускалан бедарш. Сетта потанаш гӏопе а хӏиттийна, нускал арадаккха чукхайкхина йоккхачу стаге. Кхушимма лело дезарг а, дан дезарг а дӏадийцина йоккхачу стага, ша чуяхале. Тӏаккха нускалца цхьаьна той дечу элий болчу яхана хӏара йоккха стаг. Мохьмаддий, Мовсаррий, буьйса ӏаржъеллачу хенахь тӏаьхьа а вахана, шаьшшимма хьалха ма дийццара, терго еш ӏаш хилла цу элан гӏопехь. Сакъоьруш, малар а, даар а совдаьллачу элаша, шайн хелхарш дӏадолийна. Оцу синкъераме хьоьжуш ӏачу йоккхачу стага, нускал шелдалийта дуьгу а, аьлла, ара а даьккхина, Мохьмаде дӏаделла. Мохьмад нускалца эвлах ваьлла. Мовсар, хӏусамнанна болу там ца бича, эхь а хетта, буха а сецна, иза реза еш, цунна там а бина, тӏаккха новкъа ваьлла. Воьдуш, Мохьмадах а кхетта, хӏара шиъ вистхилла валале, царна тӏаьхьа орца даьлла.
Шаьшшиннан некъах хиндерг хуучу Мохьмада, юха а сара а баьккхина, тохара санна, и сара хӏорда чу тесна. Тохара санна, тӏай дӏа а хӏоьттина, хӏара шиъ дехьа ма велли, гучуьра дӏадаьлла. Кхерамах шаьш доьвллачул тӏаьхьа, цунах тамаш бинчу Жовхӏара хаьттина Мохьмаде оцу тӏайх лаьцна. Мохьмадан дийца йиш ца хилла иза. Хӏорш дӏабоьлхуш, хьалха ма совццара, хьуьна юкъарчу хӏусамехь буьйса яккха соьвцина.
Хӏусамехь, тохара санна, бина кийча лаьтташ кхача карийна. И кхача а биъна, шаьш паргӏатдоьвлча, охьабийшина хӏорш. Амма Мохьмадана и тамашийна хилла хаамаш, хӏун ду ца хууш, наб кхеташ ца хилла. Буьйса юкъал тӏех яьллачу хенахь, тохара санна, юха а чу мохь тоьхна:
— Хьенех! Хьан хьеший, шаьш дагалаьцнарг кхочуш а хилла, юхабогӏуш бу. Шайн цӏа кхаьчча, цӏахь кхаа дийнаххьий, кхаа бусий ловзар а дийр ду цара. Цул тӏаьхьа, нускал чудоьрзучу буса, цӏенкъа юккъера хьалабаьллачу саьрмикан карах далар а хир ду цушинна. Нагахь гинарг-хезнарг дуьйцу делахь, шагатӏулг а хир бу цунах, — аьлла оцу бӏаьргана гуш доцчу адамо.