Доьзал ша къастийча, иза жима къам ду. Цундела, къоман иман, сий, хьекъал, кхетам, могашал-ла а - шадерриге а, хӏораммо а шен доьзал муха кхолларх, иманехь кхетош-кхиорах дозуш хуьлу. Ткъа оцу доьзалан иманан, оьздангаллин гӏаролехь лаьттарг зуда, нана ю. Адам а,Хьава а! доцург дуьненчу мел даьлла адам Дала зудчун кийрахь а кхоьл-лина, зудчун, ненан кийрара схьа а даьлла. Бераш хьекъале, кхе-таме, могаш, оьзда, къинхетаме, я цхьана дашца аьлча — бераш: иманехь кхиорехь коьрта меттиг дӏалоцу зудчо, нанас. Адаман уггар хьалхара хьехархо нана ю. Цо ӏамадо бер меттан хьалха-ра дош ала а, цо ӏамадо иза кхерамах, бохамах лардала а, диканиг, вониг къасто а, къинхетаме хила а, цо хьоьху берана оьзда гӏиллакхаш а.
Зеделла ду, хьекъалца, ӏилманца, оьздангаллица, къинхе-тамаллица, адамашна пайдехьа гӏуллакхашца дуьненан исторехь дикачу агӏор цӏе йоккхуш гӏарабевллачу нехан наной, хӏусамнаной хьекъале, оьзда, къинхетаме, Делах тешаш, Делахӏ кхоьруш а зударий хилла хилар. Зударий оьзда, могаш, къинхе-; аме, иманехь болу къам иманехь хуьлу, ткъа зударий оьздан-; галлех боьхнехь, и къам иманах, оьздангаллех а дохаран коьрта билгало ю. Амма зударий иманах, оьздангаллех ца буху, оцу къоман боьрша нах хьалха иманах, оьздангаллех а боьхначул, тӏаьхьа а бен. Нагахь санна, къоман боьрша нах иманехь, оьзда, къинхетаме, собаре, доьналле къонахой белахь, шайн зударийн сий, могашалла, оьздангалла ларъеш белахь, оцу къоман зударий цкъа а оьздангаллех бухур бац. Амма зударийн дай, вежаринц кӏентий, хӏусамдай оьзда, иманехь бацахь, къонахой бацахь, це-1 ран зударшна маршо йолу царех тера хила.