Стаг цомгаш хилча, цкъа хьалха цуьнан цамгар а къастайой, оцу цамгаран бахьанаш а карадой, тӀаккха цунна дарбанаш ле-ладо лоьраша.
ХӀокху тӀаьххьарчу шерашкахь нохчийн къомана тӀехӀиттинчу бохамаша дуккха а ойланаш йойту нахе. Оцу бо-хамийн хьостанаш, бахьанаш, бехкенаш лоьху. Бехке до оьрсийн паччахьийн, коммунистийн а Ӏедалш. ХӀаъ, хӀокху тӀаьххьарчу кхаа бӀе шарахь нохчийн къомана хиллачу бохамашна бехке ду иза а, важа а. Амма цаьрга и бохамаш шена байта шегара дук-кха а бахьанаш, гӀалаташ дийлийтина нохчийн къомо, оцу боха-мех лардала хьекъал, кхетам а цатоарна.
Керлачу бохамех, шен гӀалатех нохчийн къам лардалийта Ӏалашо йолуш язйи ас сайн исторически произведенеш: «Еха буьйсанаш«, «Лаьмнашкахь ткъес», «Дарц», «Кхолламан цхьаде», «Калугера йийсар», «Хронология истории Чечено-Ингушетии», газеташна тӀехь зорба тоьхна цхьамогӀа публицистически ста-тьяш — «Къоман яхь» /«Ленинан некъ», 6 сентябръ 1989 шо, №107/, «Люди, судъбы, нравы» /«Грозненский рабочий»,10 де-кабря 1989г., №283/, «Халкъан доъналлин хъоста»/ «Ленинан некъ», 11 апрелъ 1990 шо, № 44/, «Связъ времен»/ «Комсомолъ-ское племя», 26 июля, 2, 9 августа 1990 г. №30,31,32/, «Сихал-ла — бохаман накъост»/ «Даймохк», 26 февралъ 1992 шо, №39/, «Мехк-Кхел»/ «Даймохк», 24 апрелъ 1992 шо, №81, «Разум. должен восторжествоватъ»/ «Голос Чеченской Республики», 31 декабря 1992 г., № 233, 12,13,15 января 1993 г., №1, 2, 3/, «Со дуъхъал ву нохчий тайпанашка бекъарна» /«Даймохк», 16 октябръ 1993 шо, №70/, «Я вижу очищение людей толъко в религии» /«Зори ислама», май 1994 г. №2/ и. дӀ. кх. а.