Хӏетахь, оцу тӏеман зама-нахь, талхо долийна шариӏат а, къоман ӏадат а, и тӏом чекхбаьл-лачул тӏаьхьа а халкъана юкъахь дисира. Юьхьанца таро йолчу наха ялайора масех зуда, тӏаьхьа — шайна луъучара.
Доьзал иманах, оьздангаллех бохучу бахьанех цхьаъ а, нох чийн къам кхетамна тӏаьхьадисаран билгало а ю нохчийн боьр-шачу наха дукха зударий кхийлар а, зударша дукха маренаш дар а, зударшна, берашна тӏе зуда ялор а, маре яхар а. Бусалба' динехь боьршачу стеган еанга кхаччалц зуда хила магадо боху чух нийса ца кхета нохчий, ткъа ӏеламнахана уьш нийса кхето а] ца хаьа я ца лаьа.
Иманехь, могаш, оьзда, хӏусамдена тешаме, муьтӏахь йолчу зудчунна, берийн нанна тӏе зуда яло магош меттиг ца хаьа суна Къорӏан чохь а, Пайхамаран хьадисашкахь а, шариӏатехь а. Ӏалайсалам, вайн Пайхамара дуьххьара ялийна Хадижда цул пхийт-та шо йоккха хилла, амма иза дуьненахь йолуш цунна тӏе зуда ца ялош, цуьнца бертахь, вовшашна муьтӏахь ткъе пхеа шарахь ваьхна иза. Зудчунна тӏе зуда яло боьршачу стагана магош, я нийсса аьлча, еанга кхаччалц зуда хила тардолуьйтуш бахьа наш а, некъаш а ду шариӏатехь. Коьртачу декъана лакхахь) вай дийцина, зуда а, майра а дӏасакъаста бакъо луш долу бахьа наш ду. Къорӏан чохь боху, нагахь санна айхьа балийначу зу даршна юккъехь хьайга нийсо ялур елахь, верас воцуш байлахь йисина йоӏ ялае, шиъ, кхоъ, еанга кхаччалц. И нийсо хьайга, ялур яцахь, цхьаъ ялаей, цуьнца ваха /4 сура, 3 аят/. Кхидӏ«| а боху, амма хьуна мел лаарх а, хьо мел гӏертарх а айхьа ба-| лийначу зударшна юккъехь хьоьга нийсо ялур яц / 4 сура, ӏ2д[ аят/.