1705-17П (1711 хиламега)-чуй шерашкахь оьрсийн ӏедална дуьхьал герзаца гӏаттам хилира башкирийн. Оцу къийсамехь арахьара гӏо оьшур царна. Я вуьшта аьлча, оццу хенахь Россера кхидолу къаьмна а оьрсийн правительствана дуьхьал гӏовтта лаьара. Оцу ӏалашонца Къилбаседа-Кавказерчу къаьмнашна юкъа бахкийтира цара уьш гӏовттаме кхойкхуш, амма цхьаммо а церан кхайкхам тӏе ца лецира. Ӏ708-чу шарахь Усрара схьа нохчийчу веанчу башкира Мура-та шайга и кхайкхам бича, иза имам а хаьржина, цунна тӏаьхьа а хӏиттина Терка-Гӏала дӏалаца бахана дуккха а нохчий цигахь байира. Тӏаккха Терка тӏерачу а, Астраханерчу а воеводаша шайн эскаршца Нохчийчу а баьхкина луьра таӏзар дира нохчашна.
«Шул майра, доьналле къам дац хӏокху лаьмнашкахь, исла-ман бӏогӏамаш ду шу!« — бохуш, хестош паччахьан Россина дуь-хьал ткъа шарахь нохчашка тӏом байтира Шемала. Оцу тӏамех ах хӏаллакьхилла нохчийн халкъ а, ягийна, талийна чӏанаяьккхин Нохчийчоь дӏа а тесна, Дегӏастана дӏавахана иза, ши бутт бала-ле цигахь шен доьзалца цхьаьна оьрсийн йийсаре вахара. Паччахьо сий деш тӏеийцира шен йийсархо. Паччахьана муьтӏахьаллина дуй биира Шемала. Ткъа паччахьо цуьнан кӏенташна дворянство елира, имаман зударшна безачу механ совгӏаташ дора. Калугехь царна баха хаза, йоккха дворец елира, царна баттахь пхийтта эзар сом ахча лора. Цхьана кӏантана, Мохьмад-Шафина, инарлин чин делира паччахьо. Шолгӏаниг Гӏеза-Махьма, тӏаьхьа туркойн эскарийн инарла хилира. Иштта, йийсарехь гӏуллакхаш вон ца хилира, нохчаша шайн ах халкъ хӏаллак а дойтуш, шайн ярташ а ягайойтуш, ткъа шарахь ги воьллина лелийначу Шемалан.