20-30-чу шерашкахь Къилбасе-да-Кавказан цхьана а регионехь ца хиллачу тайпана боккха-чу барамехь репрессеш йира кхузахь, эххар а и ши халкъ лах-хьийна махках а даьккхира!
Цкъачунна истори ӏадда а йитина, кхузаманахьлерчу вайн амалшна тӏеволу со. 1991-чу шарахь дуьйна схьа вай лелочу гӏуллакхашка а хьаьжна ойла йича го, шайн амалшца, кхетамца нохчий ши бӏе шо хьалхалерчех галбовлар бен, хӏумма а дикачу агӏор цуьрриг а хийцабелла цахилар.
Суна ца хезна, 1991-чу шеран августехь Москвахь ГКЧП-н путч хилча, СССР чохь дехачу цхьана а жимачу къомо цунна дуьхьал митинг йина, оцу къаьмнех наха Россин парламент ларъеш дакъа-лаьцна, бохуш. Хӏетахь а, цхьана а къомо цадинарг дира нохча-ша. Соьлжа-Гӏалахь ГКЧП-на дуьхьал митинг а йира. Оцу де-ношкахь Россин парламент ларъеш кхо бӏе къона нохчо вара бохуш, дозаллаш а дора. Дера, вай санначу къаьмнашца изза деш вай юьстах латтар а нийса хир дацара, амма массарна а юкъара схьа а къаьстина, цхьаммо а цадийриг деш верг эсехь вац.
Цкъа СССР-н халкъан депутатийн съездехь цхьаммо шен къамелехь, ӏоттар а еш, дешнаш элира, Узбекистанан куьйгалхо И. Каримов ГКЧП-н куьйгалхошца уьйр йолуш хилла, аьлла. Тӏаккха трибуне хьалаваьллачу Узбекистанан депутато эли-ра, ГКЧП-н путч йолчу деношкахь И. Каримов республикехь вацара /Инде я Пакистане вахана/, цигара иза цӏавирзича, вай муьлхачу агӏор хуьлу аьлла шега хаьттича, Каримовс элира, вай цхьана а агӏор хир дац, ша кегийна худар Россис ша дуур ду, вайн гӏуллакх дац цу юкъагӏерта.
И Россин пачхьалкх, ӏедал бахьана долуш массо а заманахь бохамаш хиллачу, халонаш, баланаш лайначу нохчийн жимачу халкъан хӏун бала бара, ша санна долу кхин къаьмнаш санна, юьстах а даьлла, тийна-таьӏна ца ӏаш, Россин чоьхьарчу гӏуллакхашна, цигахь ӏедал къуьйсучу политически тобанийн, гӏеранийн а девнна юкъагӏерта?