Даима а тӏом, дойу адамаш, яго ярташ, мацалла, цамгарш, кхин а бӏеннаш халонаш. Пхийтта шо кхаьчна божабераш герз карахь тӏаме хӏуьттура. Цхьа гуттара а деша луу кӏеззиг кегийрхой кхузарчу юьхьанцарчу хьуьжаршкахь дешна бевлча, кхин дӏа шайн хаарш лакхадаха Дегӏастана деша боьлхура. Цундела, бац ала мегар долуш, кӏезиг бара ӏеламнах. XVII — XIX-чуй бӏешерашкахь дегӏастанхойн ӏеламнах, математикаш, философаш, астрономаш а хилла генна Дегӏастанан махкал арахьа а гӏарабевлла бевзаш — Молла Мохьмад Голодинский, Дамадан Мугинский, Дауд Уси-шинский, Мохьмад Кудутлинский, Гасан Кудулинский, Ибрахӏим Гитадлинский, Гасан Алкадари, Саид Кочхюрский, Мохьумад Ярагӏский, Джамалуддин Казикумухский, ӏабдурахьман Акушин-ский, Саид Аксайский, Саид Арканский, и. дӏ. кх. а. Петер-бургерчу университетехь хьехархой бара Казим-Бек, ӏабдулла Омаров.
Оцу цӏераш яьхначу а, кхечу дуккха а дегӏастанхойн ӏеламнехан маттахь бусалба динах а, дуьненан ӏилманах а язби-• на дуккха а белхаш ларбелла таханналц. Дегӏастанарчу ӏеламнаха масех бӏе шо чулоцуш шайн яртийн, тайпанийн, тукхамийн а истореш язйина, тӏаьхьа тӏекхуьучара тӏе а юзуш. Тахана а дика бевзаш бу XIX бӏешарахьлера дегӏастанхойн историкаш: Мохьу-мад Тахир аль-Карахи, Гаджи-Али Согратлинский, поэт Мохьу-мад-Бег Гергебильский кхин берш а. Кӏезиг бацара цигахь ӏаьрбийн, туркойн, гӏажарийн меттанаш кӏорггера хууш ӏеламнах. Ялх томехь туркойн истори дуьххьара язйинарг суьйли ву.
Лакхахь цӏераш яьхначу дегӏастанхойн ӏеламнахаца вагар-ван, суна хууш, ӏПелара Соип-Молла хилла Нохчийчохь. Кхин а хилла хила а тарло, суна ца хууш, амма Соип-Молла воцчун цхьа-на а нохчийн ӏеламнехан яздина жайна ца дисина. Ткъе итт шо хьалха суна хезнера, Ленинградерчу цхьана архивехь, Соип-Мол-лин куьйга язбина ши том философин болх бу, бохуш. Хӏеттахь вайн ӏилманчашка иза дийцира ас, амма цхьаммо а иза лехначух тера дац.