Амма тахана телевиденехула къамелаш дечарна юкъахь ишта динадай кӏезиг го. Дала, бусалба дино шайна тӏедехкина декхарш дӏа а тийсина, пачхьалкхан гӏуллакхашна, политикана юкъагӏерта дукхахберш. Масала, февраль баттахь хиллачу ӏеламнехан, къанойн Гуламо парламентан депутатийн барам 21 стагал лакхара хила ца беза, парламенте керла харжамаш бан ца оьшу, пачхьалкхан гӏуллакхаш ваыытадало президентана гӏоьнна ӏеламнахах а, ӏилманчех а вовшахтоьхна Лакхара Кон-сультативни Совет кхолла еза, оцу ӏалашонца республикан Конституци тӏехь хийцамаш бан беза аьлла президентана парла-ментана тӏе декхарш дохкуш сацам тӏе эцна. / «Ичкерия»^ 9 февралъ 1994 г., М ӏӏ /208/.
И тайпа сацамаш тӏеэцар ӏеламнехан а, къанойн а декхар долуш а, бакъо йолуш а гӏуллакх дац. Иза президентан а, парла-ментан а, министрийн кабинетан болх а, декхар а, бакъо а йолуш гӏуллакхаш ду. Нагахь санна, ӏеламнехан а, къанойн а гуламан боккъалла а и тайпа декхарш а, бакъонаш а елахь, нагахь санна, уьш баккъал а шайн къоман бала болуш а белахь, чоьхьарчу гӏуллакхийн министрана — зуламаш совцор, низам латтор, фи-нансийн министрана — нахана пенсеш, алапаш дӏакхачор, мога-шалла ӏалашъяран министрана — больницешкахь болх байтар, халкъан дешаран министрана — школашка болх байтар тӏедуьл-луш сацам тӏе хӏунда ца оьцу церан гуламо?
Ӏеламнехан а, къанойн а карахь хӏумма а ма дац. Республикан Конституци а талхош, парламентан 41 депутатах шена новкъа волу 20 депутат дӏаэккхийра президента. Ша динарг Конститу-цица нийса догӏуш дац ца алийта, парламенте керла харжамаш ца бан, шена тӏера бехк дӏабаккха, ӏеламнехан а, къанойн а и сацам тӏеэцийтира цо. Шайна тӏедиллинарг цара бӏаьрзе, доггах кхочушдира. Уьш бехчалгех йина тайнагаш ма ю президентан, правительствон а карахь, цара шайна ма-тов ловзош!