Тӏе, цивилизаци юкъайохьучарна а ца лаьа бухарчу халкъо цуьнан дика агӏонаш схьаоьцийла. Цундела цецдовлийла яц, шайн лаьмнашна, хьаннашна герга цивилизаци гӏоьртича, цунах хьакхабелла нохчий, лезгинаш а шайн оьздангаллех бохуш хиларх. Уьш вешан олаллина кӏелберзочу, цигахь вайн урхалла чӏагӏдечу хенахь, тӏеман заманахь вайна оьшура оцу халкъийн чоьхьара барт бохор, шайн даймахке безам, лерам бохор, царна юккъе цабезам, цатешам кхоллар, уьш оьздангаллех бохор. Юьхьанца царна вай гайтира ахчанах дуьненан хьал, хӏуьу а эцалуш хилар. Тӏаккха, и ахча хьанал къа а ца хьоьгуш, вайна пайденна, ткъа шайн халкъана зуламна гӏуллакх дича иза атта даккхалуш хилар. Цундела, хӏетахь вай сутараллина, ямартлонна, къизаллина, тӏеман шпионажана тӏетоьттура нохчо...» /Н. Добролюбов. Собрание сочинений. Москва — Ленинград, 1962, том 5, стр. 447-450/.
Бӏешеран дохалла лаьттинчу тӏеман заманахь Россин ӏедалхоша кӏез-кӏезиг даржош вайн къомана юкъа даржийна унду хӏинца а вайх д астаза ӏакъ . Мелхо а, тӏеттӏа тӏе даржор бен, иза дӏакъасто меттиг а, аьтто а ца балийтина тӏаьхьа тӏедеанчу советски-коммунистически ӏедало а.
Амма цхьаболу бехкаш вайн вешан а бу. Кӏез-кӏезиг дицдеш, вешан къоман дуккха а дика, оьзда гӏиллакхаш дицдеш, дӏатийсина вай. Церан метта тӏеэцна оьрсийн, европейски, ткъа махках даьхначу шерашкахь ваьш юкъахь ӏийначу казахийн, гӏиргӏазойн, узбекийн, кхечеран а, вешан къомаца ца догӏу, дук-кха а гӏиллакхаш. Диканаш, оьзданаш ца эцна, ткъа тӏехула гуш дерш, — къа а ца хьоьгуш схьаэца аттанаш.