Хӏетахь нохчиин къам шен махкахь а, арахьа а кхечу къаьмнашца эделла дацара, Россин, Европан а цивилизацин ӏаткъамна кӏелдахаза шена, оьзда, бертахь, иманехь дара. Къомана ямарт, стешха, дуьненан хьолах бохкалуш нах наггахь бен ца нислора.
Хӏетахь нохчийн къоман маршонехьа боламашна коьртехь хилла баьччанаш Делах тешаш, Делах кхоьруш цӏена бусалба нах бара. Ӏедалан коьрте гӏерташ, даржаш къуьйсуш, хастам лоьхуш дуьненан хьал-бахаман дуьхьа ца летта уьш. Нохчийн къам тукхамашка, тайпанашка доькъуш гӏорасиз деш, къоман боха-машна, баланашна юккъехула, декъийн баьрзнашна тӏехула, цӏийн ӏоврашна чухула, наной, йижарий, байш делхош оцу сутарчу, зу-ламечу ӏалашонашка ца гӏиртина уьш. И баьччанаш, царна тӏаьхьара бӏаьхой а шайн Даймохк, бусалба дин, къоман маршо ларъеш летта, белла. Тӏеман арахь шайн ӏожалла хир юйла, эшам хилла дийна мостагӏчун йийсаре лецахь шайн ӏожалла тангӏалкхаш тӏехь я набахтехь, я Даймахкана генахь Сибрен каторгашкахь хир юйла а хууш. Иштта ӏожалла тӏеэцна эзар-наш нохчийн кӏенташа, мехкарша, наноша.. Къеначара а, къона-чара а, бераша а, эвлаяаша а, динадайша а.