Иштачу; айкхашна, уьш халкъан а, Даймехкан а ямартхой хиларе терра, угтар луьра таӏзар дора халкъо. Царна юкъа ца богӏура машаре-чу хенахь адамашна зуламе бевлла нах къайллах ӏедале дӏабуьйцу айкхаш. Цаьрга безам бацара халкъан, амма и зуламхой новкъара бахарна айкхашна гечдора «мотт тохар».
И зама дӏаяьллачул тӏаьхьа бӏе шо сов хан яьллехь а, айкхех хӏетахьлера кхетам ларбелла нохчийн. Зуламхо ӏедале дӏавийцар, дӏавалар, органашка цунах лаьцна бакъдерг олуш тоьшалла дар а эхье лору. Иштачу харцахьарчу кхетамо зуламхошна маршо йоккху, уьш таӏзарза буьту, халкъана бале, бохаме боху.
Кхузахь а бусалба дино ваьшна тӏедиллинарг кхочуш ца до вай. Бусалба стагана тӏедиллина, адамашна юккъехь дов, къовсам къастош хилча, шен дега-ненехьа, йиша-вешехьа озабезам ца беш, шена хууш долу бакъдерг алар, харц тоьшалла цадар. И бакъдерг, цунна шена дуьхьал делахь а, ала боху /4 сура, 134 аят. Ӏ Бакъдерг олуш, нийсо еш волу стаг — иза Делах кхоьруш хиларан билгало ю /5 сура, ӏӏаят/. Юха а тӏедиллина бусалба адамашна, цхьа стаг харцо, ямартло еш, зулам деш валлахь, иза сацор. Шена ган а гуш я хууш и зуламхо цасацийнарг, я сацо цагӏоьртинарг, цо лелориг къайладаьккхинарг оцу зуламхочун, цо динчу зуламан декъашхо лору, оцу зуламхочуьнга терра Дал-ла хьалха жоьпалла лору иза.
Стеган бехк, сакхташ цунна тӏаьхьашха а, къайлах а ӏедале дӏадуьйцу вай, амма юьхьадуьхьал цуьнга дӏаала ца лаьа. Стаг шайн волчарна а, юьртана а зуламе вуйла хаьа вайна, амма иза сацо а ца гӏоьрта, ӏедале дӏа а ца ло, я ша-шах иза ӏедалан кара-вахча, цунах бакъдерг олуш тоьшалла дан а ца лаьа. Гергара, лулахо, юьртахо ву, цуьнан нахана халахетар ду, гӏиллакхехь дац, бохуш, Дала, бусалба дино ваьшна тӏедиллина декхар кхо-чушдан ца лаьа. Делах ца кхоьру, ткъа зуламхочух а, цуьнан нахах а кхоьру. Делаца гӏиллакх ца леладо, ткъа зуламхочуьн-ца а, цуьнан нахаца а гӏиллакх леладо. Цхьаъ къола, зулам деш валлахь, цуьнга иза ма де, ала деза. Нагахь санна, шен ницкъаца шега и зуламхо ца сацалахь, цо деш дерг цуьнан верасашка я сацо хьакъ