Стигла хьалахьовсал. Хаттал шайга: дийна ду техьа и мацахлера роза я дац техьа? Цӏехьанна санна иза ӏахаро диъна хилахь? Шуна гур ду шуна тӏаккха: массо а хӏума хийцаделла дӏахӏуттур ду...
Баккхийчех цхьа а стаг, дуьСоьга хаьттича, малх кхетачу дуьненахъ уггаре а хаза а, хӏетте а сингаттаме а меттиг хӏара ю. Пана аренан хӏокху меттиган сурт кхул хьалхарчу агӏон тӏехь а ду, амма шуьга юха а, юха а дикка тидам байта, ас кхин цкъа а дилли хӏара. Кхузахь дуьххьара гучу а велира Жима эла, кхуззахь дӏа къайла а велира.
Мацца а Африке дахар нисделла, шаьш кху аренга кхачахь, хӏара меттиг шайна билггал евзар йолуш, дикка тергалделаш хӏара сурт. Шаьш кхузашхула тӏехдовлуш хилахь, шайн Делан дуьша, сих ма лолаш, жимма собарделаш хӏокху седан кӏел! Дашо месаш йолу цхьа жима кӏант шайна тӏе а вагӏахь, цуьнан зевне велар а хилахь, шаьш хаьттинчу цхьана а хӏуманна цо жоп а ца лахь, шу, шеко йоццуш, кхетар деца, шайна тӏевеънарг мила ву. Тӏаккха – ас чӏогӏа доьху шуьга – соьга кхаъ баккха диц ма лолаш, сан гӏайгӏа дӏаоьцуш, шайн Дела дуьша, язделаш соьга, иза юхавеъна алий...
не мел дукха латтарх, цу хӏумнийн маьӏнах цкъа а кхетар а вац! вац!