Ноьврерчу* полюсехь цхьаъ бен йоцу панар лато езачу панарчанний, къилберчу полюсехь нийсса цунна дуьхьал нисвеллачу панарчанний – деккъа цу шиннан дахар хилла дукха атта а, гӏайгӏа боцуш а: шаррахь цкъа шайн и гӏуллакх кхочушдичхьана, волуш хилла и шиъ.
Чӏоггӏа цхьа забаръян дагдеъча, лаахь а, ца лаахь цхьа аьшпаш ца буттуш ма ца ӏалой. Панарчех дуьйцуш, цхьацца хӏумнаш тӏедитти ас. И бахьна долуш, вайн планета дикка ца евзачу нехан цунах цхьа харц ойла кхоллаяларна кхоьру со. Ма-дарра аьлча, Лаьтта тӏехь адмаша дӏалоцург башха йоккха меттиг а яц. Нагахь санна ши миллиард цуьнан вахархо, митингехь санна, цхьа тоба йина, цхьана метте гулвелла дӏахӏоьттича, йохалла а, шоралла а ткъа-ткъа миль* лаьттан кийсиг тоьур яра царна, цхьа а гатто йоцуш дӏатарбала. Тийначу ӏапказ-хӏордан уггар жима гӏайре тоьур яра, Лаьтта тӏехь мел долу адам белш белшах тоьхна дӏахӏотто.
Баккхийнаш-м, хьаха, аш и алахь, тешар ма бац. Шаьш цхьа йоккха меттиг дӏалоцу моьттуш бу уьш. Царна шаьш сила-а даккхий хӏумнаш хета, ша баобабаш санна. Вай дуьйцучух ца тешахь, шаьш нийсса хьесап дан гӏорта ала аш цаьрга. И къамел царна товр ду шуна, терахьаш дагдоьхна бала ма бохку уьш. Ткъа аш, оцу арифметикан хьесапийн ойлаеш, эрна хан ма яйа, Оьшуш дац шуна. Шу иштта а ма теша сох.
Хӏаъ, дуьйцуш дохкий вай-м. Лаьтта тӏе схьакхаьчна Жима эла, дӏахьаьжча а, схьахьаьжча а гондӏа дийна дегӏ ца гича, чӏогӏа цецвелира. Тила а велла, цхьана кхечу планети тӏе кхаьчна хила там бара ша аьлла, ойла а йира цо. Амма эццехь гӏамар юккъехь беттан зӏаьнаран басахь цхьа чӏуг меттаххьайра.
– Суьйре дика хуьлда! – элира Жимчу эло иштта дӏа... цӏеххьана санна эшахь а аьлла.
– Суьйре дика хуьлда! – жоп делира лаьхьано.
– Со мича сайрат тӏе кхаьчна техьа?
– Лаьтта тӏе кхаьчна, – элира лаьхьано. – Африке.
– Кхаьчнийца! Лаьтта тӏехь адмаш дац, ткъа?
– Хӏара пана аре ю. Пана аренгахь дехаш ца хуьлу адмаш. Ткъа Латта доккха ду.