Дукхахболчарна шаьш лоьхург хӏун ду а ца хаьа... Со кхийтира, цо лехнарг хӏун хилла!
Ас чийлак цуьнан бете даьхьира. Цо хи мелира, бӏаьргаш дӏа а хьабдина. Мерзачу дааршца, маларшца хӏоттийна уггар исбаьхьа той санна дара и хи маларан сурт. Цо молу и хи мух-мухха а хи дацара. Тӏехьуьйсуш седарчий а долуш, бехха бинчу некъах, семанан цӏийзарх, сан куьйгаша хьегначу къих хьаладаьллера иза. Иза хьан дагна хилла совгӏат дара. Со жима волчу хенахь ӏийса пайхамар дуьненчу валар даздечу деношкахь суна деш хилла совгӏаташ лепара оцу нуьрехь: базалга тӏехь летийначу чӏурамийн сегарехь, буьйсанан юккъехь дечу ӏийдехь* лоькхучу органан* эшарехь, адмийн эсал елааьшнаихна яххьаш гарехь.
– Хьан сайрат тӏехь, – элира Жимчу эло, – еккъа цхьана бешахь пхи эзар роза кхиадо адмаша... хӏетте а шаьш лоьху ирс ца кардо...
– Ца кардо, – тӏетайра со.
Ткъа цара лоьху ирс деккъа цхьана розанца, цхьана хин къурдаца каро йиш ма яра...
Цӏенна бакъдерг ду и, – тӏетайра со.
Тӏаккха элира Жимчу эло:
– Бӏаьргаш бӏаьрзе ма ду. Хӏума, дагца хьаьжна, лаха деза.
Ас а мелира хи. Кийра ӏаббош дара садеӏар. Сатоссуш, гӏум а хӏутту дашо бос оьций дӏа, ша моз санна. Цундела а вара со ирсе, дог доккхадеш. Ткъа ма-дарра аьлча, воккха ца ве а, догдоьхна хила а хӏун дара кхузахь хилла!..
– Хьайн дош кхочушдан деза ахь, – элира Жимчу эло кӏедда, веъна суна улло охьа а хууш.
– Хӏун дош?
– Дага ца догӏу хьуна, ахь, сан ӏахарна... муцӏархъюллург йийр ю ма аьллера... Со сайн зезаган ӏу ма ву.
Ас айса дехкина сурташ хьаладехира. Жима эла, цаьрга а хьаьжна, велавелира:
– Копастанех ма тера а ю хӏара хьан баобабаш...
Ткъа со, сайн дагахь, и баобабаш сайна боккха юьхькӏам хеташ ма вуй! Иза юха а велавелира.
– Хьо хӏинца харцлоь, сан доттагӏ. Суна сурт дилла цкъа а хаа а ма ца хаьара – вотангарш-м йохкура аса тӏехулура а, чухулара а.
– Хӏумма а дацара и-м, – элира цо, суна синтембеш.
– Бераш кхарех иштта а кхетар ду.
Тӏаккха цуьнан ӏахарна муцӏархъюллург йиллира ас. Юха сурт Жимчу эле дӏаделира, цул тӏаьхьа, дагна хорамхуьлуш, цхьа сабӏаързделира сан.