И сайн болх баккхийчарна дӏа а гайтина, тӏаккха, кхераделин шу аьлла, хаьттира ас.
– Тхо кхерадала, иштта буьрса хӏума ю кхин шляпа? – баша а ца бешира уьш.
Ткъа иза шляпа ма яцара янне а. Иза пийл кхаьллина вотангар яра. Тӏаккха, баккхийнаш кхеташ хилийта, ас вотангар чухулара, кийрара йиллира. Массо а хӏума ӏовша дезаш ма хуьлий царна. Хӏара ду и сан № 2 йолу сурт.
Баккхийчара суна хьехардира, я тӏехулара а, я чухулара а лаьхьарчий ма дахка, цул а географи а, истори а, арифметика а, нийсаяздаран бакъонаш а ӏамае аьлла. Иштта нисделира сайн ялх шо кхаьчначу хенахь художник хила хазнеха санна дика айса дӏаболийна некъ ас ӏадбитар. № 1-ий, № 2-ий йолчу суьртех баккхийнаш цакхетар бахьна долуш, сан сайх шеко кхоллаелира. Баккхийчарна цкъа а шайна хууш хӏумма а дац, ткъа берашна гуттар а царна массо а хӏума дуьйцуш, ӏовшуш ӏен кӏордадо, хьаьхий хьех–мерх чекхдолу.
Хӏаъ, дуьйцуш воллу со, хӏетахь, иштта некъ галбаьлла, сан кхин говзалла харжа дийзира, тӏаккха пилотан болх ӏамийра ас.
Дерриг дуьне тӏома гездеш* чекхвелира. Бакъдерг ала деза, географи хаар суна хӏетахь вуно чӏогӏа пайде карийра. Цкъа бӏаьрг ма тоьххинехь, Аризонах Китай къасталора соьга. И корматалла ӏаламат оьшуш хиллера, буьйсана хьан некъ тилла меттиг нислахь.
Сайн дахарехь сох кӏезга ца беттабелла тайп-тайпана, шайн дагахь, хӏуманан дурсъаьлла тӏаьхьало йолу нах. Баккхийчарна юккъехь со дукха ваьхна. Хӏинца шу санна, уллора зийна ас уьш. Амма, уьш уллора бевзинера аьлла, сан царах кхоллаелла ойла дуьненахь а тоелла дӏа а ца яхара-кх.
Кхечарал хьекъале а, кхетаме а ву аьлла хетта, баккхийчарах цхьаъ сайх кхетча, ас цунна сайн № 1 йолу сурт дӏагойтура – ас, ӏалашдеш, гуттар а сайца лелош дара иза. Айса и дӏагойтуш, и стаг, боккъал а, цхьана хӏумнах кхеташ ву-вац хаа ӏалашо хуьлура сан. Амма дӏагин-гинчо: «Иза шляпа ю», – олура. Цул тӏаьхьа я вотангарех а, я джунглех а, я седарчех а ас цаьрга цхьа а хӏума ца дуьйцура. Со сайн кхетамца мелхо а царах дӏатарвала гӏуртура. Ас цаьрца бридж а, гольф а ловзарех а, политиках а, галстукех а къамелаш дора. Иштта кхетаме стаг шайна вовзарна, и баккхийнаш цул тӏаьхьа вуно чӏогӏа реза хуьлий а хьаьвзар бара.