– Делахь-хӏета, хьо-хьо кхечу сайрат тӏера веъна хила везаш ву-кх кхуза?
Амма цо жоп ца делира. Сан кемане а хьоьжуш, цо гӏийлла корта ластийра:
– Кху тӏехь-м башха генара веънехь, тамаш бу хьо.
Цул тӏаьхьа вехха шен цхьа ойланаш еш ӏийра иза. Тӏаккха, киснара ас биллина ӏахар хьала а баьккхина, цу жовхӏаран бӏаьравогӏавелла лаьттира. Шу кхета хир ду-кх, оцу кхечу «сайратийн» хьокъехь жимма къадийна цо аьллачу дашо сан духе кхиа лааран шовкъ мел карзахъяьккхина хила еза. Цунах дерг со алссам хаа а гӏоьртира:
– Хьо мичара воьссина кхуза, жима къонах? Мичахь ду хьан цӏа? Хӏара сан ӏахар мича бига воллу хьо?
Жимма ойлане вахна ӏийначул тӏаьхьа:
– Ма дика ду, ахь суна яьшка елла, буьйсана цу чохь охьабуьжур бу сан ӏахар, – элира цо.
– Дера бу. Хьо дика лелахь, ас хьуна и дийнахь дӏабехка муш а лур бу. Хьокха а.
Жимчу эло хьаьжъюккъе шад хӏоттийра:
– Дӏабехка-а? Дӏа хӏунда боьхку?
– Ва, дӏабоьхкуш ца хилахь, баьлла цхьанхьа дӏа а бахна, бовр ма бу хьан иза.
Эццахь сан доттагӏ, ас аьлларг дукха хазделла, юха а доггах велавелира:
– Мича гӏур бара иза, деллахь?
Муха мича гӏур бара? Дуьххьал-дӏа, дуьххьал-дӏа шен бӏаьрг ма хӏутту дӏаоьхур бара-кх.
Тӏаккха Жимчу эло, воьлучуьра саца а соцуш:
– И-м хӏума хьаха дацара, – элира, – сан цигахь меттиг ӏаламат кӏезга ма ю. Юха а цхьа сингаттаме тӏетуьйхира:
– Дуьххьал-дӏа, дуьххьал-дӏа дӏаэхахь-м гена гӏур хьаха бац
Иштта кхин цхьа мехала къайле а хиира суна: иза схьаваьлла сайрат ша а яц ерриг а цхьана цӏийнан барамехь бен!
Аьлча а, цунах-м ас башха тамаш а ца бира. Суна хаьара, Латта, Юпитер, Марс санна йолу яккхийнаш йоцурш, кхин а бӏеннаш ур-аттал шайна техкина цӏерш а йоцу кегий сайраташ а юйла, шайна юккъехь, телескопа чухула хьаьжча а, халла бен къаьсташ йоцурш а йолуш. Астрономо ишттачех цхьа сайраталг шена карийча, цунна цӏе а ца луш, лоьмар ло. Масала: 3251-гӏа астероид олий.