Бердан йисттехь, хӏордана дуьхьала йирзина лаьттара иза. Легашкахь хорам, дагахьбалламаш. Тӏаьхьа йисна – хӏорд беллачу кхаьчна иза. Берд кӏайн бу. Цо бе́рзинчу когаша хьоьшуш йерг, хӏан-хӏа, гӏум йац, иза дерриг туьха ду. Миллион тоннашкахь цо ше́н Нохчийчу дӏакхехьча а, дуьне дакьо а тоьар долу дукха туьха. Инзара йоккхачу чаьрми чохь кегийначу шовра бу-кх цунна хьалха тийна Ӏуьллу хӏорд. Туьха, туьха, туьха, наггахь схьаго тӏулгаш а, куьркахь тӏех сов йеттинчу сискалах терра цӏен, жимма мо́жа басахь ду. Цу туьхано да́гийна, цӀеделлачу тӀулгаша, къа токхуш санна а, цо уьш ше́н лере даьхьча, це́ран узам а шена хезира болуш санна а хеталора. Уойланашка йаьллачу цунна шадерриг дара дуьра, кху махка кха́ча а, биса а, ба́ха а рицкъ хиллачу нохчийн кхолламан тӏера, оцу хӏордах схьайеттало хьожанан биста кхаччалц мел дерг а дуьра. Иорданехь мел долчух а къаьсташ, цхьана мисарболата тӀеийзош санна башха дара Беллачу хӏордан йисттехь. Уойланаш дерзах йелха ийзайора.
Малх дӏабуза, набарна товжа дӏабоьдуш бара. Хӏордан до́за, дан а да́цара, иза дац мотталора. Хӏордан йист а́найисттехь, стигала хьалакхевдина лаьттара, цхьамма дооггахьа маьӏиг стигала ирх хьалаозийча санна ирхе кхевдина йара. Малх кога буьхьара доьду бе́р санна, меллаша дӏабузуш бара. Малхо некъ мел бо, хӏорд цкъа сийна, йуха цӏен, тӏаккха мо́жа беснаш детталуш лепара, иза иштта, оцу маьлхан зӏаьнарша хоьтуьйтура. Хьан са а, дог а ӏа́доуш, ткъа ши бӀаьрг цкъа а бузор бо́цуш дара и схьаго сурт-мӏаьрго.
Чайн стакана чохь кӏайлабаьллачу шекаран бӏелигах санна хӏордах чубуьзира Малх-ниӀмат.
Беллачу хӏордан бердан йисттехь, да́харан да́хар лечу меттехь дара иза. Хӏордан вукху а́гӏорчу болчу бердан тулгӏе́наш Палестинан мехкан до́занех йетталуш йара.
Иза, ойланашка йаьлла лаьттарг Иорданин до́за дара. Бусалба умматах кадам тӏеоьцуш ӏуьллучу Беллачу хӏордан йисттехь лаьттара, хих цӏе ца йа́ла ирс хилла нохчийн мухӏажарший а, це́ран хьаший а...
Уггар халаниг– кийрара узам-мохь сецадар дара. «Да́ла кху хӏордан са да́ккхал ма эрчалле, ма Ӏесасалле доьжна хилле́ра-кх хьо, ЛутӀан-Пайхамаран уммат!»… Белла хӏорд адамийн къа, гӀу́да токхуш бара.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
Иордани-Заркъа- Шела
2017 шо