Кху кертахь цхьа а вац
Меттаххьовш, дийна.
Хӏо́раннан хӏусам йу
Тапъаьлла, тийна.
Гаттий ду у́рамаш,
Тӏедоьлху некъаш.
Цхьа а вац да́харна
Велалуш, теъаш...
До́занаш билгалдеш
Керташ йац гонах,
Махьмара ваьлларг вац,
Ву бо́хуш къонах.
Ба́заран басарш дац,
Бац къе́ра дуйнаш.
Дарбелла, вовшашна
Лестабац буйнаш.
Гӏишлошна пенаш дац
Бухахь, тӏехь дуттуш,
Лу́лахой ца хьуьйсу
Хьогӏан бӏаьрг хӏуьттуш
Хӏусамехь партал а́га дац техкаш.
Пеша тӏехь ӏа гӏуьттуш
Йай а бац кхехкаш.
Даьхний дац, жаш а дац
Цанашлахь де́жаш.
Цхьанна а ба́хам бац,
Воккхавеш хьежа.
Цхьаъ бу хӏорш берриге
Тайпанан, цӏийнан,
Харц йа бакъ дуьненан
Куьйланехь ӏийна...