Жимачохь цӏе́рачех лечкъина гӏала ва́хане́ра тхойшиъ...
— Хьажахь, э́лира сан накъосто, тар тесинчуьра со меттах а воккхуш, — ма та́машийна хӏума а ду-кх хӏоккхул йоккхачу гӏа́лахь, чу а ва́хана вохвала вевзаш стаг вац бо́хург.
— Де́ра ду-кх дукха та́машийна хӏума-м, — э́лира ас, йуха а на́барна дӏа а туьйш.
Буьйса шийла йара, вокзалиэхь адамаш дукха делахь а.
На́баро со гӏелвечу хе́нахь су́на хезаш хилларг дикторан аз дара. ӏуьйранна со набарха ваьккхинарг а дара дикторан аз. Цо кхайкхадора, 6 сахьт даьлча Москва — Баку цӏерпошта схьакхо́чуш йу, бо́хуш. Цо хаийтира тхойшиъ дӏавоьду хан а тӏекхаьчнийла. Вохвала дагахь троллейбуса чохь дӏатарвелча ас хаьттира накъосте:
— Хьу́на гӏан гирий?
— Ца гира.
— Су́на-м гӏе́нах говраш гира сийсара.
Уьш хӏаваэхь сахиллалца тирсира.
Беттан кӏа́жарш санна, кхесаш йаржийна,
Уьш ловзура зезагашлахь йаьржина.
Лаьмнаш набарх девлла цеце хьуьйсура,
Иэхӏ, ма дукха ца́ра су́на дуьйцура...
Хӏинца, масийтта шо даьллачул тӏаьхьа,
Иштта наггахь кхойкху соьга геннара
Нохчийн йуьртахь ловзуш дисна бе́ралла.
Су́на кхин цкъа а гира говраш — троллейбуса наьӏарехула дӏахьаьжча, йоккхачу гӏа́ли тӏехула дайн уьдура кӏайн лаьмнийн кортош.
Ахь кӏайчу куьйгашца кха туьллу сентябран буьйса.
И йогу дагардийцаран цӏе хилла.
И йо́гу вайшинна дисина хӏоккхул доккха дуьне дохкдеш:
Стигланан кийра эгош суйнаш — седарчий.
Со тийна ӏа, дӏадаьллачун шере — тӏулге боьттинчу пенах букъ а тоьхна.
Хӏумма а ца къаьста су́на хьан бӏаьргех — горгалех тесна кхозу хьан чӏа́ба.
Йогучу цӏе́ран серлоно чӏа́ба меттах моссаза хьайн, бӏаьрхих дека бӏаьргаш чохь сецна хьан са.
Хьан синан декаро самадо́ху лаьтта тӏехь мел долу некъаш.
Уьш гулдала дуьйлало аайн хӏусаме.
Со вевза оцу некъашна, со,
Ца́ра йохйан йохьу сан бӏаьрзечу денойн да́къазалла, сан мел хиллачу гӏа́латийн ше́ло́.
Хьан бӏаьрхиш санна цӏеначу сентябран буьйсана цӏергахь йо́гу сан бе́ралла эцна дӏа мел йаханчу гӏаргӏулийн назманаш.
Ахь тӏаккха, корера схьаоьций, беттаса туьллу цу цӏерга.