ТКЪЕ́ ШОЛГӏА ХЬАДИ́С
Абу́ Дарда́а (Алла́хӏ ре́за хуьлда цунна) дийцина, Алла́хӀан элчано (Алла́хӀера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) э́лира аьлла: ««Хьех» су́ратан йуьххьера итт а́йат дагахь ӏа́мийнарг Дажалх ларвийр ву». Кхе́чу хаамехь аьлла: «…«Хьех» су́ратан тӏаьххьара итт а́йат» (и ший а хаам Муслиман жайнахь бу: (809)).
ТКЪЕ́ КХОАЛГӏА ХЬАДИ́С
ӏукъба ибн ӏа́мира (Алла́хӏ ре́за хуьлда цунна) дийцина, (цкъа) Алла́хӀан элчано (Алла́хӀера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) (шега) э́лира аьлла: «Ца го хьуна, хӏокху буса диссийнача́рех тера а́йаташ хӏинцале цкъа а диссийна дац? (уьш ду - «А́ла: «Гӏо лоьху аса сада́ржочу Де́лехь…»», хӏара а: «А́ла: «Гӏо лоьху аса адамийн Э́лехь…»») (Муслим: (5013)).
ТКЪЕ́ ДОЬАЛГӏА ХЬАДИ́С
Абу́ Хӏурайрас (Алла́хӏ ре́за хуьлда цунна) дийцина, Алла́хӏан элчано (Алла́хӀера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) (шега) э́лира аьлла: «Ткъе́ итт а́йат долуш су́рат ду Къуръа́н чохь, къинош гечдаллалц стагана шапа́ӏат ден долу, ткъа иза – «Беркате ву паччахьалла Шен карахь дерг…»» (Абу́ Да́уд: (1400), Тирмизи: (2893); тӏаьххьарчо аьлла «хьасан» даржехь хьади́с ду хӏара).