Усайд ибн Хьудайра (Алла́хӏ ре́за хуьлда цунна) дийцина. Цкъа цхьана буса иза «Йутт» су́рат доьшуш волуш, цуьнан говр а хилла дӏайихкина цунна уллохь, цӏеххьана, синтем а байна, хьийза йоьлла говр. Ткъа иза доьшучуьра дӏасецна, цуьнан (говр а) тийна тӏаккха дӏа. Цо йуха а деша долийна, (говр) йуха а, синтем а байна, хьийза йоьлла. Ткъа доьшучуьра иза сецча, (говр а) тийна дӏа. Йуха а иза деша воьлча, тӏаккха а, синтем а байна, хьийза йоьлла говр. Тӏаккха а доьшучуьра сецна иза. (Оцу хе́нахь) цуьнан кӏант Яхьъя хилла говрана уллохь, ткъа (Усайд) кхеравелла, хьаша магар-кха цо иза аьлла. Ша (кӏант) дӏехьаваьккхинчу хенахь шен бӏаьргаш хьалахьовсийна цо стигала, амма цхьа а хӏума ца гина цунна. ӏуьйранна (Усайда хилларг дерриг а) Пайхамаре (Алла́хӀера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дӏадийцича, цо аьлла: «Дӏадеша (дезаш хиллера) ахьа, хӏай, ибн Хьудайр! Дӏадеша (дезаш хиллера) ахьа, хӏай, Ибн Хьудайр!». (Усайда) аьлла: «Хӏай, Алла́хӀан элча! Цо Яхьъя хьашарна кхеравелле́ра со, хӏунда аьлча цунна уллохь вара иза. Цунде́ла, сайн корта хьала а айбина, цунна тӏевахара со. Хӏетахь аса сайн