ТКЪЕ УЬТТАЛГIА ХЬАДИС
Ал-Бараъ ибн Iазиба (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) пхьуьйра-ламазехь «Дуй буу Аса инжирах а, зайтах а…»* доьшуш хезна суна, ткъа цуьнан санна хаза аз долуш хезна а вац суна цхьа а» (Бухари: 769, Муслим: 464).
* дуьйцург «ат-Тин» сурат ду.
ТКЪЕ ЦХЬАЙТТАЛГIА ХЬАДИС
IабдуллахI Ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дийхира соьга: «Къуръан дешахь суна». Аса элира: «ХIай, АллахIан элча! Аса муха доьшур ду и хьуна, хьуна тIе доьссина и хилча?!». (Пайхамара (АллахIера къинхетам а,маршо а хуьлда цунна)) элира: «Боккъалла а, кхечуьнгара хаза лаьа суна и». ТIаккха аса цунна «Нисаъ» сурат деша долийра. Со х1окху аятна тIе кхаьчначу хенахь: (ХIун хир ду, Оха хIора умматера цхьацца теш валийча, хIокхарна дуьхьал теш хьо а валийча?)*, цо элира: «ХIинца тоьар ду». ХIетахь со цуьнгахьа дIавирзича, бIаьрхих дуьзна гира суна цуьнан бIаьргаш» (Бухари: 5050, Муслим: 800).
* «ан-Нисаъ», 41 аят.