ТКЪЕ́ ВУЬРХӏИТТАЛГӏА ХЬАДИ́С
Абу Хӏурайрас (Алла́хӏ ре́за хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) Алла́хӏан элчано (Алла́хӀера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттира: «Шух цхьанненна а, шен доьзале вирзича, (шен цӏахь) йоккха, йерстина, пхора, стен кхо эмкал карон луур дарий?». Оха (массара а) жоп делира: «Хӏаъ». Хӏетахь (Пайхамара (Алла́хӀера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) э́лира: «Шух муьлххачо а ла́мазехь доьшуш долу кхо а́йат гӏолехь ма ду йоккха, йерстина, пхора йолчу кхаа эмкалал а!»» (Муслим: 208).
ТКЪЕ́ БЕРХӏИТТАЛГӏА ХЬАДИ́С
Жа́бир ибн ӏабдулла́хӏа (Алла́хӏ ре́за хуьлда цаьршинна) дийцина: «Пайхамара (Алла́хӀера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Ухьу́дехь кхелхинача́рех шишша цхьана кӏа́дина йукъа а хьарчавой, цул тӏаьхьа хаттар дора: «Къуръа́н дукхах хууш муьлха вара оцу шиннах?». Ткъа оцу шиннах (хӏара вара аьлла,) цхьаъ шена гайтича, иза хьалха лахьти чу а вуьллий, тӏаккха олура цо: «Теш хир ву со царна къематдийнахь!». Уьш дӏабохка аьлла, омра дира цо шайн цӏишца. Цунде́ла лийча а ца бира уьш, йа докъан ла́маз а ца дира царна» (Буха́ри: 1343),