ШОВЗТКЪАЛГӏА ХЬАДИ́С
ӏа́мир аш-Шаӏабис дийцина: «(Цкъа) ӏалкъаме хаьттира аса: «Ибн Масӏу́д хиллий-те элчанца цхьана (цо) жинашна (Къуръа́н дешначу) буса?». Хӏетахь ӏалкъамас э́лира: «(Изза) хаттар деш аса э́лира ибн Масӏу́де: «Шух цхьа а Алла́хӏан элчанца цхьаьна нисвелирий (цо) жинашна (Къуръа́н доьшучу) буса?». Ибн Масӏу́да жоп делира: «Хӏан-хӏа. Амма цкъа цхьана буса Алла́хӀан элчанца цхьаьна нисдделле́ра тхо. Хӏетахь дӏавайнера тхан иза. Цул тӏаьхьа иза леха дуьйладелира тхо боьранашкахь а, чӏожашкахь а, тхаьшлахь ба́ха а бохуш: «Йа жинаш дӏавигина иза, йа вийна иза». (Ибн Масӏу́да) аьлла: «Чӏо́гӏа вон буьйса йаьккхира о́ха, сел вон буьйса аддама а лайна хир йо́цуш. Ткъа ӏуьйранна (тхаьшна тӏе) во́гӏуш (гира) тху́на иза Хьираъ о́лу лам болчу а́гӏора схьа». (Ибн Масӏу́да э́лира:) «О́ха хаьттира: «Хӏай, Алла́хӏан э́лча! Хьо ван а вайна, леха хӏиттине́ра тхо, амма кара а ца вина, чӏо́гӏа вон буьйса йаьккхира о́ха, сел вон буьйса аддама а лайна хир йо́цуш». (Пайхамара (Алла́хӀера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) э́лира: «(Цхьа) жин деане́ра суна тӏе дӏакхойкхуш, ткъа аса, ваха а вахана, Къуръа́н дийшира царна». (Ибн Масӏу́да) э́лира: «Цул тӏаьхьа, (оцу меттигна) тӏе а дигина, (жинийн) ларраш а, це́ран цӏерийн ларраш а гайтира цо тхуна». (Жинаша) хаьттина хилла (Пайхамаре (Алла́хӀера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)), шайна йаа магийнарг хӏун йу-те аьлла. Цо жоп делла: «Шуна (йаа мегаш) йу муьлхха а шун каракхаьчна даьӏахкаш, шайна тӏехь дуккха а жижиг долуш. (Нагахь) царна тӏехь Алла́хӏан цӏе йаьккхина хиллехь, шун дийнатийн до́къар – муьлхха а (дийнатин) боьхалла* хир бу». Хӏетахь Алла́хӏан элчано (Алла́хӀера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) э́лира: «Цунде́ла (шаьш а́радаханчу хе́нахь) цаьршинца цӏано ма йе, хӏунда аьлча и шиъ шун вежарийн даар ду» (Муслим: 450).
* боьхалло чуло́цу: луьста, кхо, пхьаж.
Шовзткъа хьади́с дуьзи Алла́хӏан пурбанца. Алла́хӏе доьху аса, хӏара ладаме жайна пайдехь даккхар сайна а, сайн де́на-на́нна а, массо бусалбанашна а!
Хастам бу Аллахӏна!
2014 шо.