ХЬАЛХАРА ХЬАДИ́С
ӏусма́н ибн ӏаффа́на (Алла́хӏ ре́за хуьлда цунна) дийцина, Алла́хӏан элчано (Алла́хӏера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) э́лира аьлла: «Шуна йуккъехь гӏолехьверг – Къуръа́н шена ӏа́ма дина, кхечарна и дӏахьоьхуш верг ву» Буха́ри: (5027).
ШОЛГӏА ХЬАДИС
Ибн ӏабба́са (Алла́хӏ ре́за хуьлда цунна) дийцина, Алла́хӏан элчано (Алла́хӏера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) э́лира аьлла: «Шен кийрахь (дагчохь) Къуръа́нах хӏумма а до́цу адам – доьхначу цӏийнах терра ду» (Тирмизи: (2914), цо аьлла хӏара «хьасан, сахьи́хь» шина даржехь хьади́с ду).
КХОАЛГӏА ХЬАДИ́С
Абу́ Ума́мас (Алла́хӏ ре́за хуьлда цунна) дийцина, Алла́хӏан элчано (Алла́хӏера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «Къуръа́н дешалаш, хӏунда аьлча, боккъалла а, къематдийнахь до́гӏур долуш ду и - ша́ дешначарна гӏо дан (шапа́ӏат дан)» (Муслим: (804).
ДОЬАЛГӏА ХЬАДИС
Хаттӏа́бан кӏанта ӏумара (Алла́хӏ ре́за хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (Алла́хӏера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) э́лира аьлла: «Боккъалла а, хӏокху Жайнин гӏоьнца цхьаболу нах Алла́хӏа базбийр бу, ткъа кхиберш – сийсазбийр бу» (Муслим: (817)).