«Сийлахь ву-кх да́харехь некъ боьхна лелларг,
Ше́н лазам хьулбина, дуьненна велларг.
Ирсе ву-кх да́харехь доттагӏех тешнарг,
Халоно хьовзийча це́ран гӏо эшнарг».
И илли сан де́да́с баьхна бах ло́махь,
Ткъа да́с и дерзадар су́на тӏехь дитна,
Ша́ воь́душ, дуьненан массо а къоман
Маршонан дуьхьа ше́н мерза са дитна.
Мехкан вон де́н те́зет санна а хеташ,
Леллачу къонахийн а́малш дӏакхехьа
Баьхкинчу кӏенташца со новкъа во́луш,
И илли ас тахна мохь тоьхна о́лу:
«Сийлахь ву-кх да́харехь некъ боьхна лелларг.
Ше́н лазам хьулбина, дуьненна велларг.
Ирсе́ ву-кх да́харехь доттагӏех тешнарг,
Халоно хьовзийча, це́ран гӏо эшнарг».